ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 кхаьчна Дуьненан Хьалхара тIом болабелла


Боснерчу сербо Принцип Гаврилос Австро-Венгрин император хила веза эрцгерцог Фердинанд Франц а, цуьнан зуда Софи а дерца Мангал-беттан 28-чу дийнахь Сараевохь, нийсса 100 шо хьалха, болабелла Дуьненан Хьалхара тIом. Боснерчу бусулбанашна а, сербашна а, хорваташна а йоккха лар йитина оцу зуламо. Сараевон коьрта майданахь Венерчу филармонино концерт яларца билгалдаьккхина и де. Цигахь хилира Австрин президент Фишер Хайнц.

Сербино, Боснино а эрцгерцог вийна Принцип Гаврило славянийн маршонан къийсамхо лору, цара бойкот йира концертна. Сараевон цхьана майданахь Принципна 2 метр лекха йоьзан хIоллам хIоттийна сербаша пIераскан дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG