ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машаран сахьташ дIадахдина Украинехь


Шен Iедало кхин а 72 сахьтана дIабахбо мехкан малхбалехь герзаш совцоран барам, дIахьедина Украинан президента Порошенко Петрос. ТIеман урхаллаца ша дагаволуш, пIерскан дийнахь бина цо и сацам, хьалха шен цхьана агIоно кхайкхийна машаран кIира доьрзуш. Герзаш совцор дIадахлур ду 30-чохь буса итт даллалц.

Цхьаболчу оьрсийн сепаратисташ резахилира и раж ларъян. ПIераскандийнахь Европан лидерша а делла Оьрсийчоьнна изза 72 сахьт Украинерчу террорхошка герзаш ца кхуьйсуьйту некъ карон, иза Кремло ца дахь, керла санкцеш юкъаяха чIагIо а еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG