ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан президенто Обама Барака Оршот-дийнахь йовзийтина 3 триллион 800 миллиардах лаьтташ йолу 201


Линкана тIе

Iамеркан президенто Обама Барака Оршот-дийнахь йовзийтина 3 триллион 800 миллиардах лаьтташ йолу 2013 шарахь хир йолчу бюджетан проект. Обама Барака Конгрессан декъашхошка кховдош йолчу бюджетах низам хир ду ала хала ду, президентан харжамаш дIахьуш долчу шарахь махкахь политикан маневраш дIайоьлхуш а йолуш, Вашингтонехь лаьтташ йолу климат бахьана долуш. Амма и бюджет йовзуьйтуш Обамас элира шен плано гIо дийра ду махкарчу экономикана нийсачу новкъа дIаяха аьлла. Обама: Бюджетан коьрта ойла иштта ю. Вайн экономика кхуьуш а йолуш, белхан меттигаш кхоллар алсам долуш а долуш ваьшка далуш дерг ша-дерриг а дан деза вай цу новкъахь диса. Вай беш болчу белхан цхьа дакъа ду бюджетан дефицит лахяр. Ткъа, нагахь Конгрессо хIара бюджет тIеэцахь, 2022 шо тIекхачале вайга лахялур ю вайн бюджетан дефицит диъ триллион доллар барамехь. Iамеркан президенто кечйинчу планаца а догIуш, бюджетера ахча кхоадан аьтто бера бу хьоладайшара ял яккхар алсам а доккхуш, пачхьалкхан цхьацца урхаллаш а, институташ а латтош дойуш долчу ахчанан барам лах а беш. 2013-чу шарахь Iамеркан пачхьалкхан департаментана а, Дуьненаюкъаралла Кхиоран Iамеркан Агенталлана а бюджетера лур долчу ахчанан барам I,6 % алсам бера болуш балахь а, 51 миллиард 600 миллион долларе кхаччалц, цхьайолу программаш яц ян дезар ду. Иштта Европерачу а, Евразерачу а пачхьалкхашна гIо дан луш долчу ахчанан барам лахбан безар бу I8 %. Iамеркан пачхьалкхан департаменто бахарехь, цуьнан бахьана ду цхьайолчу пачхьалкхаша кхиме рынкан демократи дIахIоттийна хилар. Амма Iамеркан пачхьалкхан департаменто билгалдоккху цу пачхьалкхашна луш долчу ахчанан барам лахбар ца боьвллачу денна маслаIат карор санна хIума хилар. Обамас а даре до ша ахча кхоадар Iалашонца цхьадолу деш дерг идеалан ца хилар. Обама: Аса хьахош дерг ду цхьацца ахча кхоадар, баккъалла а иза чIогIа оьшуш дацахьара аса дийра доцуш долу. Иза оьшуш ду дан. И баккъалла а хала болу сацам бан дезаш ду вай, вайн пачхьалкх юха а оьшуш болчу финансийн чIагIалла йолчу некъа яккха. Обамас Конгрессе кховдош йолчу бюджетаца а догIуш, Украинерачу гражданийн юкъараллана гIо-накъосталла дан хьажош ду 54 миллион доллар. Иза уггара дукха ахча ду Евроазин регионерачу пачхьалкхана хьажош долу. Iамеркан пачхьалкхан департаменто дийцарехь, Украинина лур долчу ахчано гIо дийра ду демократин реформех юхайолуш йолчу цу пачхьалкхарчу юкъараллина хир долу тохар мал дан. Гуьржийчоьнна лур долуш ду 43 миллион доллар, 25 миллион доллар кIезиг стохка цу махкана деллачулла а. Иза эскаран хьашташца йоьзна йоцучу программашна дойур долуш ду. Гуьржийчоьнна лур долу ахча дойур ду цу макхахь низамаш лелар чIагIдарна а, цуьнан энергетикан кхерамазалла чIагIярна а. Косово кхолагIа уггара дукха Iамеркан бюджетера ахча лур долу пачхьалкх ю цу регионехь. Оьрсийчоь йоьалгIачу меттехь ю. Цунна лур долчу ахчанан барам а лахбийра бу 36 миллион 200 эзар доллар барамехь. Оьрсийчохь и рицкъ дойур ду гражданийн юкъараллана гIо-накъосталла деш а, Къилбаседа Кавказехь хиллачу тIеман тIаьхьалонаш маляр Iалашонца а. Узбекистанна тIеман гIо дийра долуш ду 150 миллион долларна. Иза 50 % алсам ду стохкалерачулла а. Ташкенто боккхачу барамехь техникца а, цхьацца гIирсашца а гIо дира Цхьанатоьхначу Штаташна ОвхIан-пачхьалкхехь тIеман операци дIахьуш. 2013-чу шеран Iамеркан бюджетехь 10 процентана кIезиг ахча къастийна Иракъана кху шарахь деллачулла а, цигара Iамеркан эскарш дIадигинчулла тIаьхьа цу пачхьалкхана гIо дар мехала хилар алсам даьллехь а. Иракъехь а, ОвхIан-махкахь а тIемаш совцор бахьана долуш гергарчу масех шарахь 800 миллиард доллар бюджетера ахча кхоадан дагахь ю Iамерка. Обамин планаца а догIуш 800 миллион доллар кIезиг ахча хьажор долуш ду Iамерко Гергарчу Малхбалехь демократин реформашна гIо дан.

XS
SM
MD
LG