ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хоси-юьртахой - Iедалехь


Шен Iедалан тIегIанашкахь цхьацца хийцамаш бина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана. ППС-2 олучу Iедалан хьукматашна хадеш а, махкахь лаьттачу тIматасадаларшка хьийсош а лаьттинчу полкан буьйранча Усмаев Вахита хIоттийна мехкан экономикан а, бахархойн а кхерамзаллин кхеташонна коьрте. Оцу меттехь хилла йишин воI Черхигов Идрис хIоттийна Кадыровс шен секретариатна коьрте. Ший а ву Кадыров воллучу Куьршалан кIоштарчу Хоси-Юьртара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG