ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема тIаме боьлхуш нохчий лецна Европехь


Шемахь тIемаш бо кхечу мехкашкара тIебаьхкинчара
Шемахь тIемаш бо кхечу мехкашкара тIебаьхкинчара

Шемарчу тIамехь дакъалоцуш дуккха нохчийн тIемалой хилар къайле яц. Уьш Нохчийчуьра а, Оьрсийчуьра а,ткъа доккхачу декъана уьш Малхбузехь тховкIело карийна нохчийн кегирхойх бу. Шинарий дийнахь Австрера Шема тIаме баха новкъа бевллачу царех йоккха цхьа тоба лаьцна цу пачхьалкхан Iедалхоша.

Австрерчу полицин „Кобра“ олу лерина тоба шинари дийнахь шина бундеслаьттахь, Бургенландехьий, Кернтенехьий рейд ян араяьллера. Аьлча а, лерина шаьш тергонехь латтош хилла ши машен лаца. Цу шина машенахь, Iедалхошкахь, хетарехь, хьалхехь дуьйна хиллачу информацица, Шемарчу тIамехь дакъалаца боьлхуш болу нохчийн кегирхой хилла. Цхьа машен Венгрица Австрин долчу дозан агIор новкъаяьлла хилла, ткъа шозлагIниг Италица долчу дозане.

Исс нохчо а, шайна юккъехь цхьа зуда а, 17 шо кхаьчна кхиазхо а волуш, ткъа иштта цхьа туркойн орамаш долуш церан некъхьехархо а хилла бохуш чIагIдо меттигерчу хаамийн гIирсаша, къайлахчу сервисашкарчу хьостанашна тIе а тевжаш, цу тобанна юккъехь. Цу иттанах цхьаъ, 17 шо долу кхиазхо, цIахецна, меттигерчу низамца догIуш ма-хиллара, цунна дуьхьал, цкъачунна арахь а вуьтуш, бехк-талламан гIуллакх схьа а диллина, ткъа важа исс стаг набахтехь ву.

Лецначарна Iедалхоша бехкедуьллуш дерг – и нах Шема а бахна, цигахь шех Довла а, Исламан Пачхьалкхе а олучу радикалан бусулбачийн тобанах дIакхета Iалашо йолуш уьш хиллар ду. И церан Iалашонаш, хетарехь, меттигерчу радикалан исламхошца озабезам лело

чу кегирхойн тобанашна тIехь терго латточу къайлахчу сервисашна евзаш хиллачух тера ду. Цундела уьш и тоба Австрера араяла кхиале тIелетта царна. Мухха делахь а, Шема баха новкъабевлларш лаца аьлла омра делларг могIарера Австрера полици яц, Пачхьалкхан кхерамазалла ларйар цIе йолу къайлаха сервис ю. Цо а гойту, радикалан исламхошца уьйраш ерш а, цаьрца озабезам лелош берш а Iедало шайн тергонехь латтош хилар.

Шема боьлху нохчи лийцина боху коста меттигерчу вайнахалахь сихонца даьржина. Хьенан, муьлш бу лийцинарш цкъачунна билгал хууш дац, амма хазнесанна боккха сингаттам кхоьллина цу хаамо меттигерчу нохчашлахь. Венерчу нохчийн а, гIалгIайн а къанойн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис иштта дийцира кхолладеллачу хьолах лаьцна Маршо радиога.

Мусаитов Шайхи: „Цкъачунна тхуна хуург иштта ду: шина машенаш дIабоьлхучера лаьцна уьш 9 стаг, цаьрца цхьа зуда а хилла, цхьа турко а хилла. Цхьа машен Венгре дехьаяла гIертачехь лаьцна, ткъа важа Италин дозане кхочучехь. Уьш муьлш буй иза хIун дуй цкъачунна вайна хууш дац. Иштта хьал ду. Дика хьал-м дац иза, бакъдерг дийцича. Делахь а, хIун дийр ду?! Дерг долуш ду. Хуур ду вайна кхин дIа цигахь дерг хIун ду“.

Нагахь санна Iедало лецнарш билгал Шема тIаме баха арабевлла хилла бохург Iедалан талламаша тIечIагIдахь, царна луьра тIаьхьалонаш хила там бу цунах. Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Микл-Лайтнер Йоханнас динчу дIахьедарца, джихадхошца цхьа а кепара толеранталла гойтур яц Iедало.

Цо билгалдаьккхира, масех кIира хьалха ша Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраца Курц Себастьянца цхьаьна, кхечу мехкашкахь тIемашкахь дакъалоцучу нахера политикан я гуманитаран тховкIелонийн статусаш схьа а йохуш, уьш Австрера арабахарх болу барт кечбина хилар.

XS
SM
MD
LG