ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана федерализаци хьоьху Ангелас


Германин канцлер Меркел Ангела хилира Киевехь цигарчу куьйгалхошца дийцаршка яхана. Цхьанакхетар хилла цуьнан Украинан президентца Порошенко Петроца а, премьер-министрца Яценюк Арсенийца а. Массех гIалин мэрашца къамел а хилира немцойн куьйгалхочун. Меркалан визит яра денна лерина.

Шоьтандийнахь немцойн вице-канцлера Габриэл Зигмар довзийтина шена Украинах хетарг а. Цо Украина цхьааллехь юьсур ю иза шен махках федералан дакъош дан реза хилахь, аьлла. Оццу маьIнехь къамел дира Киевехь Меркел Ангелас а. Оьрсаша и некъ хьахийча, Киев аьттехь а реза ца хилира.

Хьалхо, канцлеран а, Iамеркан Штатийн президентан Обама Баракан а дира Оьрсийчоьно я Украинера а, я дуьненан ЦIечу ЖIарера а пурба а доцуш, гуманитаран ковра Донбассе хьажорах лаьцна къамел. Цушинна хетарехь, тIеман эскалаци хьалайоккхуш гIулч ю Кремло яьккхинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG