ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сема аьрзо" Iамораш хир дац хIокху шарахь


Оьрсийчоьнца хила деза тIеман Iамораш ца деш дитина Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Канадо а. Уьш хила дезаш дара кху шарахь Аляскин бердаца. Цунах лаьцна хаам бина Еарин дийнахь Къилбаседа Iамеркан стигал а, космос а ларъяран декъан тIеман буьйранчаллин векло Марш Чарльза. Цо дийцарехь, и сацам бина Iамеркин тIеман министралло а, Канадин премьер-министро ХIарпер Стивена а Украинехь хIоьттина хаьл бахьана долуш.

«Сема аьрзо» олуш долу Iамораш дIахьора Iамерко а, Канадо а, Оьрсийчоьно а хIора шарахь, 2007-чу шарахь дуьйна. Церан Iалашо яра террорахоша дIалийцина кеманаш совцо Iамар. Кху шарахь цу Iаморашкахь дакъалаца дагахь яра Япони а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG