ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къам дац – проблема а яц


Нью-Йорк - Кегий къаьмнийн дуьненаюкъарчу конференцехь, 23Гез2014
Нью-Йорк - Кегий къаьмнийн дуьненаюкъарчу конференцехь, 23Гез2014

Кегий къаьмнийн дуьненаюкъара Хьалхара коференци дIайолаелла оршотдийнахь Нью-Йоркехь. Оьрсийчуьра цига кхайкхинчу 28-ннах 5, цхьацца бахьанаш а лехна, цIерапоштанашна тIера, кеманашна тIера охьабаьхна ФСБ-но.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино ша хIоттош йолчу дуьнанюкъарчу кегий къаьмнийн конференце массех бутт хьалха дуьйна а кхайкхинера векалш. Уьш берраш санна дIа а гулбелла цига. Цхьа Оьрсийчуьранаш боцурш.

Сибрехарчу, оьрсийн Къилбаседанерчу, Генара Малхбалерчу лекъна, довш лаьттачу къаьмнийн векалш бу конференце баханарш, я баха гIиртинарш.

Оьрсийн Iедалша доцчу бахьанашца, пачхьалкхал ара ца бовлуьйтуш, сецийначаралахь ву Нью-Йоркерчу конференце къаьмнийн векалш баха кечбеш хилла Суляндзига Родион. Цуьнгара Шереметьево аэропортехь даьккхина къайлахчу сервисо, ФСБ-но, паспорт.

Иштта ца йохуьйтуш, сацийна аэропортехь Найкачина Анна а. Кольск-ахгIайренан векал Совкина Валентина а сацийна, тIаьхьа Iедалан урхаллаша машенаш а хоьхкуш, паспорт дIа а даьккхина.

ХIинцца Украинера дуьненан низамаш а талхош, ша дIаяьккхинчу ГIирмарчу гIезалойн векал а ца вахийтина оьрсийн ницкъаша Нью-Йоркерчу кегийн къамнийн кхеташоне.

Массаьрца а санна, цуьнца а лелийна цхьа а низамехь йоцу кепаш, иза некъах вохош.

Iилманча Бекир Надир ву иза. Шеца Симферополна гергахь шоьтан сарахь туьтмIаьжигашкахь тIаьхьахехкабеллачара дина зулам цо иштта дийцира Маршо Радионе.

Бекир: «Микроавтобус иккхира тхуна хьалха, тхан таксист цунна тIехьа сецира, оцу чуьра араиккхира кхо стаг, Iаьржа туьтмIажигашкахь а йохкуш яххьаш тIехь. Сан неI а йиллина, тIечеха хIиттира, охьавосса, бохуш. Со дуьхьало еш а вацара. Хаьттира ас, шу муьлш ду, довзийта, аьлла.

ТIаьххьара а со лаьтта охавиллира, кисинашка хьаьвсира. Паспорт карийра сан. Хьаладаьккхира, со хьоьжуш Iа. Паспорт схьа а диллина: «ХIаъ, хIара ву,» - аьлла, мохь а эккхийтина, паспорт дIа а чIаьгIна, иза а хьош, шайн машена а хевшина, дIабахи.

Со цигара дIа луларчу юьрта вахи, цигахь полицин декъе зIе а тоьхна, арзди ас.

Сан кхетамехь, соьгара паспорт дIадаккхаран коьрта Iалашо, со Инарла Ассамблея ца кхачийта а, соьга гIирма-гIезалойн проблемех лаьцна ца дийцита ю».

Шайн иштта а халчу хьелашкахь, лечу кхаьчна долчу къаьмнийн гIайгIанаш дуьненна бийца йиш йоцуш битина нах Оьрсийчоьно.

Ткъа Нью-Йоркера кхеташо йоьдуш ю. Оршотдийнахь, иза схьайоьллуш, шайн-шайн къаьмнийн духаршкахь вара цига дерриг а дуьнентIера дIагулвелла кегий къаьмнийн масситта эзар векал.

Хала балийца дIакхаьчна Оьрсийчуьрчу кегий къаьмнех 23 векал а вара царалахь.

Конференцино йийцарейо кхачош лаьттачу къаьмнийн бакъонаш, церан синбахамалла, меттанаш, политикан, социалан хьашташ.

Оьрсийчуьрчу къаьмнийн хьолах лаьцна къамелаш а хилла конференцехь.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин комиссара Пиллей Навис билгалдаьккхина Оьрсийчохь конференцино буьйцу гIагIанаш масанхьашчул а ира лаьтташ хилар. Сибрехара, Генарчу Малхбалера, Къилбаседанехь довш лаьтта къаьмнаш денден некъаш бац Кремлан, боху Нью-Йоркерчу конференцино.

Бакъду, барамо, я иза хIоттийначу дуьненаюкъарчу уггаре а коьртачу организацино дIахьедарш дора аьлла, холчу хIуттуш-м вац Оьрсийчоьнан куьйгалхойх стагга а.

Мелхо а, Кегий къаьмнийн дуьненаюкъарчу ассоциацера арабовла беза Оьрсийчуьра векалш бохуш хеза тахана прессехь.

XS
SM
MD
LG