ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко санкцеш кхайкхийна Маргошвилина а, Батирашвилина а дуьхьал


Кхечу пачхьалкхарчу тобанашкара схьаболуш болчу кхерамна дуьхьало яр Iалашонца ши тIемалойн тоба а, 10 стаг а терроран лаьрра Iамеркан Пачхьалкхан департаменто кху беттан 24-чу дийнахь. Оцу шина тобанах цхьаъ ю Шемахь тIемаш беш йолу Яиш ал-МухIажирийн вал-Ансар (Jaish al-Muhajireen wal-Ansar) цIе йолу, нохчаша куьйгалла дон тоба.

Важа ю Мороккон бахархоша кхоьллина ХIаракат Шам ал-Ислам (Harakat Sham al-Islam (HSI) олу тоба. Iамерко санкцеш кхайкхийна цу тобанашна а, ткъа иштта цхьамогIа тIемалошна а дуьхьал. Царна юкъахь ву Гуьржийчоьнан ши махкахо Маргошвили Мурад а, Iумар аш-Шишани цIарца вевзаш волу Батирашвили Тархан а. Iамеркин Iедалша бинчу хаамца, и шиъ тIемалойн тобанин хьалханча ву.

Маргошвилина дуьхьал санкцеш яхарх лаьцна хаам бина Iамркин пачхьалкхан департаменто. Ткъа Батирашвили Iаьржачу цIейозанна юкъатоьхна Iамеркин финансийн министралло. И ши стаг террорахойн аьтто беш хила мега кхин болу Боснера а, Косовора а, Мисарара а, Сауди Iаьрбийн пачхьалкхера а тIемалой санна аьлла хета Iамеркин Iедалшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG