ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьанна оьшу "колизейш", "молизейш"?


Соьлж-ГIалахь йина йоккхуш йолу спортан гIишло "Колизей"
Соьлж-ГIалахь йина йоккхуш йолу спортан гIишло "Колизей"

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь, йина а яьлла, схьайоьллуш ю Соьлж-ГIалин юккъехь 5 эзар стаг чухоьуш йоккха спортан комплекс «Колизей». И гIишло ницкъалчу летаршна лерина йоьгIна ю. .И санна йолчу гIшлошна дойу ахча эрна хета бахархошна...

Доцца аьлча, хаза нехан санна буй-тIара дан меттиг кечйина гIалахь. Цу спортакомплексан шатайпаналла ю боху, оьшуш меттиг хилча, йоццачу хенахь цунах эстрадан я циркан майданаш ялуш хилар.

27 метр лекха а йолуш, кхаа тIегIанах лаьттачу «Колизейно» дIалаьцнарг ю 8000 сов еакIов метр майда. Къилбе, Къилбаседа, Малхбале, Малхбузе – еа декъе екъна хьовсархойн трибунаш кхоалгIачу тIегIанехь ю. Циггахь кечйина ю 200 стаг тIеэца тарлуш лерамечу хьешашна лерина меттигаш а.

Iедалан хьостано билгалдоккху ,и синкъерамна йина спортан гIишло, пачхьалкхан бохча хьа ца деш, хьоладайша ахча юкъа а диллина, йоьгIна хилар. И бакъ моьттурш а, шеконца тIеоьцурш а цхьатерра буй-те аьлла сурт ду кхузахь тергаллуш. Цу а, кхечу а синкъерамашна югIучу гIишлошна харж еш верг милла велахь а, цхьаболчу бахархоша тидарехь эрна лестош ахчанаш ду.

Бертахь а, бертаза а футболе хьовса Ахьмад-стадионе кхуьйлу эзарнаш нах санна, Iедалан балхахь мел болу бахархой хьийзо бохку «Колизей» юьзна хилийта, и юьзна ца хилча махкана а эхь ду бохуш. Герггарчу барамехь цхьаболчу бахархоша ишта кхетадо Соьлж-ГIалин де даздечу дийнахь и спортан комплекс схьаеллар. Соьлж-ГIалин кIоштерчу Хасанов Нохьина хетарехь, буьзина хьербевллачу Iедалхоша дойуш ахчанаш ду, шайна синкъерамна гIишлош а югIуш.

Хасанов: « Соьга хаьттича, эрна лестош ахчанаш ду «колизей», «молизей» йо бохуш. Ас сайга хаьттича, уггар хьалха мехкадаьттан завод йойтур яра. Нахана болх хир бара. Республикехь мехкадаьтта доккхуш ду тахана а. Советан Iедал долуш йоккха завод ма яра кхузахь. И ден ма ца йо? Ярташкахь мел дукха нах бу болх-некъ боцуш, Iуьйранна йиича, сарахь хIун дийр ду а ца хууш. Нехан бала кхача безара…»

Ткъа соьлжагIалахочунна Мусаев Iадланна хетарехь, цу кепара гIишлош яр вон дац. Муьлхха Iедал хилча а, боху цо, гIишлош махкана пайдехьа хир ю.

Мусаев: « Суна-м дика хета, стенна яхь а, гIишлош йича. Iедал хийцаделча а гIишло лаьттар ма ю. Тхан ю-кх и гIишло!».

Цхьаболчу тергамхоша билгал ма-даккхара, хIинцца йина яьккхина «Колизей» хьалаюза а, бертаза а доцуш, дог а догIуш, кхидолчу спортан къийсадаларшка хьовса эха а вайнехан таро хилийта а, цу къийсадаларех нехан бакълена а самукъадалийта а белхан меттигийн гIайгIа бан богIура Iедалехь болучара. Вуьшта, боху цара, бахархойн цу синкъерамашка баха шайн лаамехь битахь и «Колизей» а, кхийолу спортан майданаш а яьсса лаьттар ю. Нохчийчохь хийлазза байлахь йисина хIусамаш санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG