Ши кIира хьалха Элбрус лома тIехь яйна, лохуш хиллачу гIалгIайн альпинистан Албогачиева Лайлаан дакъа карийна пIераскандийнахь. ДуьнентIера уггаре лекхачу лаьмнийн баххьаш тIехь а хилла, алссам зеделларг долуш яра 46 шо долу алпинист Албогачиева. Эльбрус буьххьехь а хилла иза 12-за.
Кхалхар дузу ГIебарта-Балкхаройчоьнан орцан урхаллин векалша, иза мачийн чимчаргIаш дIадехка охьатаьIначохь, гал а яьлла, Iинах яхарца.