ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш бу Политковская Анна ен кхачийнарш?


Оьрсийчоь -- "Новая Газетан" редакцин пенатIера Политковская Аннин барельеф, 7ГIа2013
Оьрсийчоь -- "Новая Газетан" редакцин пенатIера Политковская Аннин барельеф, 7ГIа2013

8 шо кхаьчна Москох журналист Политковская Анна йийна. Кхело бехке а вина, набахте хьажийна массех стаг. Политковская дагалоцуш дIахьедар дина Iамеркан Штатийн пачхьалкхан департаменто. Иза саготта ю Оьрсийчоьно журналист ен кхачийна нах ца лехарна.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто шинаридийнахь кхайкхам бина Оьрсийчоьне, журналист Политковская Анна йейтийтинарш жоьпе а озийна, царна йогIу кхел кхайкхор.

Политковская Анна дуьненна а евзаш дешан говзанча яра, бакъдерг луьра дIаолуш, харцонца къийсам латтош, мискачу нехан бакъонаш ларяърехь шен са а ца кхоош къахьоьгуш.

48 шо долу Новая газетан (Керла газета) корреспондент Политковская герз тоьхна йийна карийра Москох, ша ехачу цIийнан лифта чохь. Хиллачу кхело иза йер дуьйзира, цо дуккха а шерашкахь Нохчийчоьхь тIом боьдуш, сецначул тIаьхьа а лелла харцонаш Iорайохуш йийцарца.

2014 –чу шарахь Москох ГIалин суьдо Политсковская Анна йерна пхи стаг бехк тIебилларца кхеле озийра. Церан могIарехь куьгбехке хиларца билгалбаьхначу Гайтукаев Лом-Iелина а, цуьнан йишин воIна Махмудов Рустамна а белла дIабовллалц набахтехь такха хан туьйхира.

Зуламна декъахь лоручу кхечу шина вешина МахмудовгIарна, ИбрахIимний, Джабраилний, милцо лаьттинчу Хаджикурбанов Сергейний I2, I4, 20 шераш хан кхайкхийра набахтехь яккха. Цул совнаха, суьдо 5 миллион сом Оьрсийн Iедале оъхьадиллийтира Политковская Аннин доьзална.

Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ саготта ю Политковская йейтийтина коьрта куьгбехкенаш тахана а жоьпе озаза хиларна, царна догIу таIзар дина ца хиларна а, аьлла дIакхкайкхина пачхьалкхан департаментан векало Саки Джейна, журналист йийна 8 шо кхочуш ша динчу дIахьедарехь.

«Тхо догреза ду, Политковская йийнарш жоьпе а озийна, царна Iедалан низамашца кхочу кхел кхайкхорна, амма саготта ду, зуламан коьрта дай хIинца а кароза хиларна. Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне зуламхой жоьпах ца бовлийта». Ишта ду Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан дIахьедар.

Цул сов, Саки Джейна билгалдаьккхина, Оьрсийчохь Хлебников Пол, Куашев Тимур, Ахмеднабиев Ахмаднаби, Геккиев Казбек, кхиболу а журналисташ байина нах, ехха хан юкъайоьллехь а, схьакаронза хилар.

Оцу а, кхидолчу а зуламашна деш таIзар дацаро эшайо журналистийн болх бан таронаш, юкъараллехь кхуллу кхерамаш, боху Саки Джейна шен пресс-релизехь.

Новая газетан Политковская Аннас болх бинчу редакци оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а журналисташ а гулбелира шинаридийнахь и дагалацарца.

Дагалоцур вай а оцу майрачу зудчун аз.

Политковская: «Кадыров Рамзанан хиндерг ас цуьнан мел дукха чIирхой бу бохучух дузу. Ца лаьа суна цхьа а лойла. Амма оцу персонажах дерг аьлча, цунна ондда хадархой-м оьшу».

Вайна ма-хаъара, нохчийн къомана дуккха а орцахйийлира ша дийна йолуш Политковская Анна. Ткъа хилла бац цуьнан хьомара, иза йийна 8 шо кхочуш дагалацаман гуламаш Соьлжа-ГIалахь.

XS
SM
MD
LG