ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акцеш дIаяхьа шайн бакъо хилар мехала хета 3 процент оьрсашна


Гуламаш а, манифистацеш а, митингаш а, демонстрацеш а дIаяьхьа бакъо хилар мехала ца хета Оьрсийчурча 3 процент бахархошна а бен. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула векал йолчу Памфилова Эллас. Цо дийцарехь, социологин талламаша гойтуш ду 70 процент бахархошна медицина мехаза хилар мехала хеташ хилар. Болх бан йолу бакъо а, цу бинчу балхана нийса алап далар а мехала хета 50 процент респонденташна.

Цул тIаьхьа царна мехала хетарг ду стаг шена хетарг лело маьрша хилар а, низамашна хьалха цхьатерра хилар а, ткъа иштта нийсонца кхел яр а, мехаза дешар а, пенсеш а пособеш а далар а. Цу хеннахь харжам бан а, цу харждамашкахь дакъалаца бакъо хилар а мехала хеташ бац 5 процент Оьрсийчура бахархой а бен. Маьрша дин лело а, шена луучуьнах ойла а ян а бакъо хилар мехала ду аьлла хета 9 процент респонденташна.

Ткъа, Панфиловас дийцарехь, дешан маьршо хила еза аьлла хетарш бу Оьрсийчохь 16 процент. Оьрсийчура омбудсмена дийарехь, цу гайтамаша синтем байина бу бакъонашларъярхой. Царна хетарехь, шайн бакъонаш хилар мехала ца хеташ болу нах кийча бац махкахь хуьлуш долчунна жоьпалла хила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG