ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кобзон а, Валерия а шайн гIалахь ган ца лаьа лондонхошна


Оьрсийчоь -- Кобзон Иосиф а, Валерия а, 11Гез2009

Кремлца уьйраш кхобучу иллиалархойн Кобзон Иосифан а, Валериян а концерташ ю кху кIиранах Лондонехь йоьлхуш. Британин бахархоша махка цабитар доьххушехь, кхайкхина и шиъ церан шахьара. Ингалсхоша Кобзонна а, Валерияна а бехкедо Оьрсийчоьно Украинаца лелаен харцо цара къолбалъеш хилар.

Солисташ - соьлж-гIалахо Кобзон Иосиф а, Саратовна гергарчу Аткарск-гIалара схьаяьлла Перфилова Алла а (Валерия) - Кремлна муьтIахь хиларца замано зийна ши артист ду.

Кху шеран бIаьста Оьрсийчоьно ГIирмина йина аннекси къобалъеш интеллигенцино хIоттийначу кехатна буха куьг а яздира цушимма.

Валерияс, масала, официалехь хастийра оьрсийн Iедал, цо доцу бахьанаш юхьара а эцна, кху шерашкахь массех стаг набахтешка хьийсийча.


Шинарийдийнахь Кобзон а, Валерия а концерт луш дара Лондонехь тоьлла ларалучу паччахьийн Альберт-Холлехь.


Лондонехь Путинна дуьхьалоечу юкъараллан жигархо ву Сидельников Андрей. Шина артистна Ингалсено шен неIарш елларна реза вац иза.

Сидельников: «Оьрсийчоьнан Iедало ден зулам дашца айден нах, тхан кхетамехь, бохкуьйтийла дац Малхбузене. Нахе жоп дала деза шаьш дечух».

Сидельников Андрейн тобан цIе ю "Speak Up !" (ЧIоггIа ала!). Хьалхо, Кобзонний, Валерияй Британе догIийла хиича оцу протестан тобано дийхира премьер-министре Кэмерон Дэвиде и шиъ персона нон-грата кхайкхадахьара аьлла.

4000 Британерчу вахархочо куьйг яздира оцу дехаран кехата буха. Цара бехкедо хIинца концерташ луш долу ши артист, уьш Кремлан харц-пропапагандисташ а лоруш. Хьалхо Латвино а санна, и ши артист Ингалс-махка ца кхайкхар, тIе ца эцар доьхура Сидельниковн тобано.

Сидельниковна хетарехь, уьш Лондоне битаро пиар йо Кремлна, мах байбо Европано а, Iамерко а Оьрсийчоьнна дуьхьалъяьхначу санкцийн.

Сидельников: «Шалхенаш лелайо цара, цIахь дуьйцу Малхбале маьттаза ю, цигахь дерриг а вон ду, бохуш. Ткъа кхуза оьху ахча даккха, садаIа, я гIишлош эца».

Сидельниковс чIагIдарехь, Кобзонан йоI а, цуьнан бераш а Лондонехь деха. Ткъа Валериян воI Шуьлгин Арсений Швейцарехь пианист Iемаш ву – иза а хир ву Лондонерчу концертехь дакъалоцуш.

Лондоне Кремлан векалш ца лестийта гIертачу тобанаша – уьш доккхачу декъанна шаьш а бу оьрсий – ямартчу шалхонийн могIара дуьллу, политикаша цхьана агIор Кремлна доггIу таIзарш а деш, вукху агIор цунна аьттонаш латтор.

Комментари

New Comments Available

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG