ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино бух боцуш лерина шайна Human Rights Watch биллина бехк


Украинин тIеман ницкъаша Донецк гIалахь маьрша нах бехачу меттигашка кассетан бомбанаш йиттина аьлла, дIахьедар дина Human Rights Watch олучу дуьненаюкъара организацино. Цу организацино дийцарехь, цу тайпа герз гIаланашкахь а, ярташкахь а лелоро доха до тIеман низамаш. Ткъа иза лара мегар ду тIеман зулам санна.

Шен агIор Украинин тIеман министраллан векло Сеник Богдана дIахьедар дина, Human Rights Watch организацино шайна биллина бехк бух боцуш бу аьлла.

Украинин малхбалехь антитерроран операци дIахьочу ницкъийн пресс-центран куьйгалхочо Селезнев Владислава дийцарехь, Украинин эскарша шаьш тIеман операци дIахьош цкъа а ца лелийна кассетан бомбанаш. Кассетан бомбанаш, я цу тайпа кхин долу герз дихкина ду, цундела шаьш иза лелош дац элира цо, «Украинская правда» интернет порталана ша еллачу интервьюхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG