ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан Пачхьалкх" а, Кадыров Рамзан а


Шема -- Кобани гIалина гергахь тIом, 23ГIа2014
Шема -- Кобани гIалина гергахь тIом, 23ГIа2014

«Исламан Пачхьалкх» шайх олу тобанаш – уьш шайтIанаш ду, цаьрга бусулбанаш хIаллакбайта деза герзаш а, ахча а делла Малхбузено, бохура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша Соьлж-ГIалахь еллачу пресс-конференцехь. Иштта дара "Исламан Пачхьалкхо" шена туьйсучу кхерамашна цо делла жоп.

Бутт хьалха маситтаза видео-маршалла даийтира (туьйсучу кхерамах иштта олийла делахь) Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, Нохчийчоьнан администраторе Кадыров Рамзане а «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу Иракъан а, Шемин а дакъош дIалецна хьийзачу тIемалойн тобанаша.

Цкъа шаьш Шемин эскарера дIадаьккхинчу Оьрсийчохь арахецначу кеманчуьра Путинна лерина къамел дира цара.

Кеманчуьра аз: «ХIара къамел хьоьга ду хьуна, хIай, Путин! Ахь Башарна делла кеманаш ду хIорш. Уьш оха хьо волчу юхадохкуьйтур дуйла хаалахь! Оха АллахIан пурбанца мукъайоккхур ю-хьуна Нохчийчоь, ерриг Кавказ. Исламан Пачхьалкх йолуш а ю, шорлуш а ю Делан пурбанца. Хьан гIант лесташ ду хьуна, кхерама кIел а ду хьуна, тхо дIакхаччалц бен а дац хьуна! Дела тхоьгахьа а ву, тхо Цуьнан пурбанца новкъахь а ду!»

Оцу видеол тIаьхьа араяьллачу кхечунна тIехь бохура «Исламан Пачхьалкхан» тIемалоша, шаьш Кавказе а кхочур ду, Кадыров Рамзанан бен а хьошур бу.

Цул тIаьхьа массех де делира наха и видеош йийцаре а еш, ткъа Кадыровгара хезаш цхьа а жоп а доцуш. Амма хIинца Нохчийчоьнан администратор а ваьлла «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн гIеранийн хьокъехь эфирашка а, интернете а.

Массех интервью елла Кадыровс шена а, Путинна а туьйсучу кхерамаш шен кепехь юхатухуш.

Шинарийдийнахь цо еллачу конференцера ду цуьнан хIара къамел. Цигахь цо вуьйцу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанийн коьртехь волу ал-БагIдади Абу Бакар.

Кадыров: «Ас тешшош дIахьедо, цхьа а кхерам бац. Нохчийн къам а, нохчийн къа боцуш Кавказан а, Оьрсийчоьнан а къаьмнаш паргIат хила мегар ду. Иза рогIера хабарча ву. Сатийсам бу цуьнан Iедалан мукъ дIалаца, цхьа хан хьалха Дудаевн санна, Iемаш хоьхку кеманаш дара цуьнан, лаьтташ. Стигалдийлара и кеманаш, нохчийн тоьлла авиаци хилар гойтуш. Изза ду.

Оцу шайтIанаш сатийсам цхьана декъанна кхочуш хилла, цо кхерамаш туьйсу нохчийн халкъана, Кавказна, Оьрсийчоьнна. Ас официалехь дIахоуьйту, тхуна иштанаш байна. Оха цаьрца дерг, уьш боллуче дIа а доьлхуш, чекхдаьхна. Халкъана кхерам туьйсучаьрца оха къастамаш бийр бу, ас официалехь дIабоху иза, уьш шаьш боллучехь».

Кадыровс ша хьалхо кхечу хьостанна еллачу интервьюхь хадабо «Исламан Пачхьалкхан» шена гуш болу мах. Цуьнан къамелехь и еррг тоба а ю шайтIанех лаьтташ. Ткъа церан букътIхьа ю Малхбале, цигара къайлаха сервисаш.

Кадыров: «Ас доьху цунах «Исламан Пачхьалкх» ца алар, цигахь йохкаелла тоба ю. Шаьш джихIаде арадевлла боху. Дацй иза джихIад, бIаеннаш, миллионаш нах балелаьцна цара. Нах леш хилча, пачхьалкхийн экономика йохош хилча, вовшех а бойуш, шайх бусулбанаш олу. Iамеркана тIе а ца лета, Европана, Израилна тIе а ца лета, вовшийн хIаллакбо. Хьажахь, уьш мел дийнаташ ю, ...сан берриг а чо ирахIутту, муха бахало цаьрга иза? Бац уьш бусулба. Нохчийчоьнан доза царна дихкина ду. Дехьа баккха ког – оха эццахь хIаллаквийр ву».

Кхин цхьа хаам а бина Кадыров Рамзана телевизионашкахь. Цо бахарехь, цуьнан нах бу Малхбалехь вахIабхой, оццу «Исламан Пачхьалкхан» векалш байъа арабаьхна. Ткъа иза муха деш ду, иза къайле ю боху Кадыровс, шен амалехь, шега динчу хаттарх вела гIад а оьхуш.

Кадыров: «Иза къайле ма ю, ма-дарра ас дийцича-м нийса а хир дац. Ас официалехь дIахьедо, цара «Исламан Пачхьалкх» дIакхайкхийна мохк бу, цигахь дерриг а дан мега. Цигахь тIом бан а мега, нах байа а мега! Цара кхерамаш туьйсуш хилча, цаьргара вайн пачхьалкхана кхерам хилча, стенна хьоьжуш ду вай, вай цигга дIа а дахана, циггахь болхбан беза, оха дукхаъчаьрца йист яьккхина цигахь, иза царна ха а а хаьа».

Къамел Кадыров Рамзанан даима а санна кура делахь а, цо Нохчийчоьнан бахархой шена а, Оьрсийчоьнна а муьтIахь беш йохучу гIулчаша гойту цкъачунна йолу кхерамзалла шена тоаме ца хетийла а, «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанаша туьйсу кхерамаш баккъал а кхераме буйла а.

Кест-кеста хьахадо цо нохчийн кегийрхой, махкара а, махкал арахьара а, Шема эхар сацо дезаш хилар. Цига вахана, ваха дагахь ву аьлла мел хезарг ву мехкан ницкъаллин урхаллаша тергоне оьцуш, кхелашка ийзош.

ХIинцца даржийна Кадыровс кхин цхьа шена гергахь бакъ хетарг а. «ХIора цIийнехь ю интернет. ХIора стеган аьтто бу вахIабхойн даIваташка ладегIа», -бохура цо деношкахь. Оцу тIехь тешаме бац, цо бахарехь тешаме бац цуьнан шен доьзал а – церан а ю кхераме видеош ган а, цо шайтIарчий лору нах ган а.

Цундела, Кадыров Рамзан герга ву, цо дуьйцучуьнга ладоьгIча, мохк интернетах дIахадо а. Уггаре коьртаниг, цунна гергахь, къоман, мехкан кхерамзалла ю.

Ткъа муха хета шена халкъана? Иза хаа тахана вуно хала ду журналисташна а, бакъоларъярхошна а, муьлххачу а тергамхошна а. Хезаш дац мот ца лебар шен уггаре а тешаме кхерамзалла юйла кхеташ долу халкъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG