ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь парламентан харжамаш хилла


Дуьненаюкъарчу тергамхоша къобалбина Украинехь кIирандийнахь хилла парламентан харжамаш. Ткъа Оьрсийчоьно дIахьедина, керлачу парламенто халкъана пайде доллу Iедал а къастийна, лагIдаре сатуьйсу ша Украинехь лаьтта ира хьал, аьлла.

Европан цIарх Украинехь харжамийн тергоечу Харстед Кента, Европан кхерамзаллехула а, юкъарлолелоран а организацин координатора, хьалхо элира, Украинехь тоъал кандидаташ а бу хьалхатиттина, царна къовсам дIабахьа оьшу хьелаш а хIиттийна пачхьалкхо, аьлла. Цо бахарехь, кегий кхачамбацарш лелла, амма юкъарчу хьесапехь харжамаш дика чекхбевлла.

Европах Украина дIакхетийла луучу партешкахьа алссам кхаьжнаш тесна харжамхоша. Амма дакъа ца лаьцна харжамашкахь сепаратизмо лаьцначу Донбассо а, Оьрсийчоьно дIаяьккхинчу ГIирмано а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG