ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибашца барт лоьху ГIанис


ОвхIанистанан президента ГIани Ашрафа шен махкара тIалибаш кхойкху мехкан Iедалца бертан къамелаш долон Пекине. Цигахь и аьтто нисбийриг ву Китайн премьер-министр. «Уггаре коьртаниг машар бу», бохура ГIанис оцу хьокъехь Пекинера. Китайн премьера Ли Кэцяна а хьоьху ОвхIанистанехь вовшашца мостагIаллехь йолчу агIонашна бертан къамелашка ховшар.

Иштта Ли лерина ву овхIанхошна, белхан говзаллаш цаьрга караерзаяйта, 244 миллион доллар хьажон. Китайрчу доьшийлашкахь волчу 500 къона овхIанхочунна стипенди а лур ду цо.

ОвхIанистанера хьал тодарна тIехьажийначу Пекинерчу йоьалгIачу конференцехь ю иштта Пакистан, ГIажарийчоь, Турменистан, ГIиргIазойчоь. Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин цIарх конференцехь дакъалоцу Кубиш Яна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG