ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Порошенко: "Донбассехь хилларш харжамаш бац - фарс ю"


Украина -- Харжамийн жамIех баккхийбе сепаратисташ, Донецк, 2Лах2014
Украина -- Харжамийн жамIех баккхийбе сепаратисташ, Донецк, 2Лах2014

Донбассо а, Луганско а дIабаьхьначу харжамашна шаьш резацахилар хоуьйту Украинан а, Евробертан а лидерша. Оцу хьокъехь президента Порошенко Петрос гуламе кхайкхира Украинан кхерамзаллин кхеташо. Донбассан цхьаццайолчу кIошташна кхаа баттана елла маршо юхаэца дагахь ву Порошенко.

Зорбанан хаамашкахь дуьйцу оршотдийнахь Украинан президента Порошенко Петрос шен къоме бинчу кхайкхамах лаьцна. Киево аьттехьа а тIеоьцур дац Донбассерчу сепаратисташа Лахьан-беттан шолгIачу дийнахь дIабаьхьначу харжамийн жамIаш.

Дагалаца догIу, ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь Украинан президента Порошенко Петрос низам арахийцира Донбассан цхьаццайолу кIошташ маьрша юьтуш.

Оьрсийчоьнехьа болчу ницкъаша шайн пачхьалкхехь низамца боцу харжамаш хIитторо оьгIазвахийтинчуПорошенкос бохура, Донбассерчу сепаратисташца цхьаццайолчу кIошташна кхаа баттахь Киевх маьрша юьтуш Минскехь бина хилла сацам ша юхаэца тарло.

Киевера пурба а доцуш дIабаьхьначу харжамех Украинан президенто ишта комментарий йо.

Порошенко: «Украино къобал ца бо Лахьан-беттан 2-чу дийнахь хилла харжамаш. Мехкан низамашца богIуш бац и харжамаш, аьлча а, и фарс. Евроберто, Цхьанатоьхначу Штаташа, кхин а дуккхаъчу Украинца гергарлонехь йолчу пачхьалкхаша бакъ ца бо и харжамаш. Цара дохадо Гезгмашин-беттан 5-чу дийнахь хIоттийна Минскан протокол.

Протоколо магадо цхьаццайолчу Донбассан кIошташкахь харжамаш дIабахьар, амма -хила деззачу пачхьалкхан низамашкахь. Оха царна маршо елира харжамаш дIабахьа, ткъа Донбассехь пачхьалкхан низамашца богIуш боцу боламаш хIинца а леларо талхабо Минскехь ши бутт хьалха карийна аьлла хетта барт».

Президента Порошенкос дош делла шен къам ша халонех хьалха доккхур ду, цхьанна а, цкъа а могуьйтур дац новкъарло ян Украина Европех дIатухучу новкъахь, аьлла.

"Украинахойн Евроберта юкъабаха лаар вайн хотIца богIу некъ бу, вай Европерчу къаьмнех хиларе терра. Ткъа хотIца къийсар эрна ду" - бохура Порошенкос.

ДIадаханчу кIирандийнахь харажамаш аьлла цIетоьхначу барамехь толам баьккхина лору «Донецкан халкъан республика» олучу сепарастистийн боламо а, цуьнан коьртехь лаьттачу Захарченко Адлександра а.

Ткъа «Луганскан халкъан республикехь» «Луганщинна машар» («Мир Луганщине») олучу боламан лидеро Плотницкий Игора баьккхина лору толам.

XS
SM
MD
LG