ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Виъ гIаттамхо вийна Нохчийчохь



ГIалгIайн дозанца йолчу хьаннашкахь лерина операци дIахьош шаьш тIемалойн баьччин Махаури Бесланан тобанера виъ тIемало а вийна, цаьрца хилла кхиберш схьалохуш а ду, хаам бина Нохчийчоьнан полицин векалша.

Виъ тIемало верах лаьцна дуьххьара дийцира мехкан администратора Кадыров Рамзана. Цо бахарехь, массех де хилла Таршхойн лаьмнашкахь кIира хьалха бевзаш боцучара меттигера таллархо верцана и операци йолийна.

Вийначу веанца карийна, Iедало бахарехь, герзаш а, патармаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG