ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Могашалла галъялла Бакохахь набахтехь латточу Юнус Лейлаан


Азербайджанан Iедалша набахтехь латточу «Машаран а, демократин а институтан» директоран Юнус Лейлаан могашалла хаъала галъялла аьлла хаам бина цуьнан адвокато Гамбаров Елчина. Гамбаровс дийцарехь, адвокатийн аьтто ца болу Юнусан могшалла хьокъехь долчу кехаташна тIекхача. Азербайджанехь адамийн бакъонашца доьзначу хьолана критика еш хилла 58 шо долу Юнус Лейла бехке еш ю Iедалша махкана ямарт хилла бохуш.

Цу тайппа бехк биллина цуьнан хIусамдена Юнус Арифна а. Иза а ву Iедалша Товбеца-баттахь дуьйна набахтехь латтош. Амма царшинна шаьшшиъ лацар политикан бух болуш ду аьлла хета. Юнус Лейлаъ а, Ариф а. Политикан тутмакхаш лаьрра дуьненаюкъарчу Amnesty International организацино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG