ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мигранташ Британе бахкар шозза лахдан дагахь ву Кэмерон


Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид шозза лахдан дагахь ву Евробертера шайн махка оьхуш болчу мигрантийн терахь. Цу Iалашонца цхьамоггIа сацамаш тIеэца дагахь ду Британин Iедалш. Царна юкъахь ду белхан мигранташна карарчу хенахь йолу гIоленаш дIаяхар.

Масала, 4 шарахь цу тайпачу нахана лур дац берашна луш долу ахча а, социалан хIусамаш а. Церан дезар ду шайн алапах пачхьалкхана ял яла. Цул сов, премьера дийцарехь, мигрантийн дезар ду Британе кхачале официалан кепара балха кхойкхуш шайца кехат дан. Ткъа карарчу хенахь Британехь болх беш боцу нах махках бохур бу, нагахь церан эха шарахь болх каро аьтто цабалахь.

Кэмерона дIахьедар дина, Британи дуккха а хIуманашана тIехь декхарелахь ю мигранташна, амма миграци нийсонан Iуналле эца езаш ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG