ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европана шайн белхаш бовзуьйту нохчийн суртдиллархоша


Германи - Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, Берлин, 1ГIу2014
Германи - Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, Берлин, 1ГIу2014

Нохчийн cинбахамалла европахошна башха евзаш яц. Кху деношкахь немцойн коьртачу шахьарахь Берлинехь дIахьош болу нохчийн сарташдахкархойн белхийн гайтаман Iалашо ю и хьал хийца. Цигахь тайп-тайпанчу жанрашкахь болх беш болчу исбаьхьалхойн сурташ гайтина а ца Iаш, иштта дийцаредо Нохчийчуьра хьал а.

Нохчийн сарташ дахкаран исбаьхьалла йийцаре ечехь даима аьлча санна бIаьргашна дуьхьал хIуьтту лаьмнийн пейзаж а, вайнеха ширачу бIаьвнийн сарташ а.

Амма къоначу нохчийн сарташдахкархойн, къаьстина зударийн, корматалла цу цхьана агIонца кхачалуш йоцийла гойту Берлинерчу Нойкоьлн кIоштарчу Финчан цIе йолчу кхерчахь хьовсархойн тидаме дехкинчу белхаша. Царна юккъехь абстракцин стилехь дехкина сарташ а, графикехь белхаш а, натюрмортийн бес-бесаралла а, портреташ а ду. Ткъа сартийн авторш – Нохчийчуьра зударий-исбаьхьалхой бу.

17 сурт ду Берлинерчу гайтамехь хьовсархойн тидаме диллинарг, ялх зудчо диллина долу. Уьш берриш а Соьлжа-гIалахь я цуьнан йистошкахь бехаш а, белхаш беш а бу. Царех цхьаццаберш хIинцале а Нохчийчохь шуьйра бевзаш бу. Нохчийчохь хилла а ца Iаш, иштта тайп-тайпанчу Европерчу гIаланашкахь гайтамашкахь дакъалаьцна цара.

Масала, Тайсумова Тамарин сарташ гина хIинцале а Парижерчу а, Брюссерчу а, Миланерчу а исбаьхьаллаезархошна. Иштта Умарова Асетан гарфикаллин импрессионизмехь дехкина долу сарташ а. Цуьнан масийта Европерчу пачхьалкъехь шен лерина персонала гайтамаш хилла, тIаххьарниг даханчу шарахь Италехь а хуьлуш. Боккхачу тидамца а, тамашашца а тIе а оьцу цу къоначу похIманчин белхаш Европерчу хьовсархоша.

Германи- Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, 1ГIу2014
Германи- Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, 1ГIу2014

Ша Умарова Асет кху деношкахь Берлинехь схьабиллинчу гайтамехь дакъалоцуш яра. Цунах лаьцна иштта дийцира Умарова Асета Маршо радиона.

Умарова: „ Лахьан беттан 22-чохь дуьйна гIуран беттан 5-гIа кхаччалца дIахьур болуш бу кхузахь нохчийн зударий-исбаьхьалхойн гайтам. Царех сан 4 сурт ду цу юккъехь. Гайтам схьабоьллучу хенахь йистхуьлуш вайн цIера еана профессор, социолог Курбанова Лида а яра. Со а яра эшарш локхуш. ЧIогIа дукха хьеший а баьхкинера сарташка хьажа, массара а хазхеташ тIе оьцуш а бу хIара гайтам. Европехь нахана вайн нохчийн исбаьхьалла йовза лууш а, царна иза гайта вайн аьтто болуш а чIогIа дика хета суна“.

Сарташ дахкар цхьаъ бен доцу похIма хилла ца Iа цуьнан – Асет вуно башха аз долуш эшаршлакхархо ю. Бакъду, цуо лоькхуш ерш дукхахболчу нохчийн эстрадерчу йирлакхаройн тийжамашца цхьа а гергарло долуш яц, уьш халкъан эшарш ю, къоман синан букътIамарера кхоллаелла ала мегар долуш. Вай дIадохорах лаьцна а, Даймахках лаьцна а, оьздачу безамах лаьцна а ю уьш.

Берлинерчу гайтаме гулбеллачарна а лекхира Асета масех йиш – нохчийн меттан зевналла царна хазийта а, халкъо ша бIешерашкахь кхоьллина йолу башха исбаьхьалла царна йовзийта а.

Умарова Асет Берлине Швецера еанера. Цигарчу Мальмо гIалахь Асет а, цуьнца цхьаьна кхин шиъ а нохчо а леринчу цхьана анимацин проектехь дакъалоцуш яра. Цигахь нохчийн къона сарташдахкархой Iамалуш бу, анимацехь белхаш бан. Асета дуьйцу.

Умарова: „КIира хьалха Швецехь анимацин проектехь дакхалоцуш яра со а, соьца кхин а вайн шиъ къона аниматор а. Оха цигахь анимацин фильмаш ехира, монтаэца а, аьзнашца а белхаш бан а Iемира тхо. Тхаьш яьхначу фильмийн сюжеташ а, церан аьзнаш а, цу чохь хезаш йолу мукъамаш а – дерриге а тхаьш харжа а хоржуш, тхаьш дан Iемира тхо. Кхоккха миноташкахь ю и фильмаш. Цигарчу режиссеран вуно хестийра уьш, цец а бевллера уьш тхуна йоцачу хенахь иштта болх бан Iамарх. Интернетехь хьажа йиш ю цу филмашка“.

Германи- Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, Берлин,1ГIу2014
Германи- Нохчийн суртдиллархойн гайтамехь, Берлин,1ГIу2014

​Вуно боккхачу тидамца тIеийцира Берлинерчу гайтаме гулбеллачу меттигерчу бахархоша а, исбаьхьалла езачара а Нохчийчуьра лерина еанчу социологин Iилманчин, профессоран Курбанова Лидин къамеле. Курбанова Лида дуккхаъ шерашкахь нохчийн зударийн хьал толлуш ю, ДегIастанахь бехчеран а, мухIажарш хилла дуьне мел ду дIасабаьржинчеран а. Карарчу хенахь Белгехь а, Германехь а бехачу нохчийн зударийн Iер-дахар а, церан хьежамаш а толлуш ю иза.

Хийраллерчу дахаро мел хийцина тера цера кхетамаш а, Даймахкаца йолу уьйр а, доьзалкхиоран Iадаташ а – иштта ю социологин Iилманчин коьрта теманаш. Ткъа царех лаьцна а, Курбанова Лидех шеъ лаьцна а Маршо радионо дуьйцур ду рогIерчу материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG