ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша маршоне сатуьйсийла гайтина Европана Соьлж-ГIаларчу тIамо


Нохчийчоь -- ТIеман ларш дIаяха араяьккхина техника, Зорбан ЦIа, Соьлж-ГIала, 4ГIу2014
Нохчийчоь -- ТIеман ларш дIаяха араяьккхина техника, Зорбан ЦIа, Соьлж-ГIала, 4ГIу2014

Соьлж-ГIалахь иккхина тIом тергоне эцна дуьненан хаамийн гIирсаша. Цунах лаьцна кеп-кепара яздо, ткъа массара а кхетош а ду цхьа хIума: мел шайн шахьара хазйинехь а, нохчий резабоцийла шайгара маршо дIаяьккхинчу Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а ражимна.

Ткъа шо кхаьчна кху деношкахь Нохчийчуьра хьалхара тIом болабелла. И хилам дагалоцуш Германин а, Австрин а, Францин а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а цхьаьнакхетараллаш ду дIадоьлхуш, Нохчийчуьрчу тIамех яздеш хиллачу журналисташа а, политологин Iилманчаша а дакъалоцуш.

И дийцарш, кхеташ ма-хиллара, дагалецамех лаьтташ дара -хIетахь хилларг, байина нах, йохийна гIаланаш а, ярташ а. Амма цхьанна а дагахь дацара кху деношкахь цу тIемийн сурт юха а Соьлжа-гIалин урамакашкахь хIуттур ду бохург. Дукхахена дуьйна схьа кху лаьттахь а, вайн галактикехь а уггаре а тешаме а, кхерамазалле меттиг а, дуьненан цIонгIа а дIакхайкхинчу Соьлжа-гIалахь машар боху дош амма вуно генахь хилар а, ткъа тIом а, цуьнан алу а муьлхачу а мIаьргонехь муьлхачу а нохчийн кIоштахь кхарста йиш хилар а гойту Соьлжа-гIалина тIемалой хIинца тIелатаро.

Иштта ю Малхбузерчу хаамийн гIирсаш цу хиламах яздечуьн юкъара ойла.

Немцойн тIеIаткъамечу Шпигел журнало яздо, еари буса а, Iуьйранна а Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь хилларг тIаьхьарчу иттех шарахь уггаре а нуьцкъала тIелатар ду, тIемалоша дина долу, бохуш. „ТIемалоша дуккхаъчу сахьташна дIалаьцнера Соьлаж-гIалин юкъ, Зорбан цIе догуш дара, герз дIасадеттарехь масех полисхо а вийна, лелхачу гранатийн, даккхийчу герзийн а татанаш ду хезаш, юкъ-кара гуш ю йогуш йолу машенаш а, гIишлош а“, - бохуш яздо журнало.

Цо иштта чIагIдо, тIемалойн тIелатарехь пхиъ полисхо вийна, дуккхаъарна чевнаш а йина, бохуш. Шпигел журнало билгалдоккху, тIемалойн тIелатар Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Федералан гуламехь шен рогIера, шарчохь цкъа дешдолу къамел доладалле масех сахьт хьалха хилла хилар. Цигахь цхьа башха символикалла го журналисташна, хIунда аьлча, журнало ма-яздара, „Путинна муьтIахьчу нохчийн президенто Кадыров Рамзана дIадаханчу шерашкахь вуно дерачу куьйгаца охьатаIийнера тIемалойн ницкъаш.

Цуьнца цхьаьна иза бехкевеш вара адамийн бакъонаш хьешарна а, цу республикехь шога исламан низамаш юккъе дахарна а, масала, зударшна дихкина дара юкъараллехь коьртахь хIума йоцуш лела“, - иштта яздо Шпигело.

Немцойн Дие Вельт газетано билгалдоккху, Нохчийчоь йозуш йацарехь къийсам бахьана долуш болабеллачу тIамо а, бусулбасийн гIаттамо а билгалйаьккхина яра Нохчийчоьнан кху тIаьхьарчу ткъо шеран истори, бохуш. ХIинца, мелла а тийна масех шо даьллачул тIаьхьа, юха а герзаш деттар дIадоладелла цу мехкан коьртачу шахьарехь Соьлжа-гIалахь, бохуш яздо цо.

„Къилбаседа Кавказ дукха хена дуьйна ю къийсамийн кIошта ларалуш, делахь а тIаьхьарчу шерашкахь Путинс хIоттийначу Кремлан муьтIахьчу къоначу президентан политика бахьана долуш тIаьхьарчу шерашкахь цхьа хIара аьлла баккхий тIемаш я вовшахтийсадалрш дIатийнера цу махкахь. И бахьана долуш аьтто баьллера Оьрсийчоьнан президентан ша цу республикехь радикалан исламхошна тIехь толам баьккхина бохуш дозаллаш дан.

Ткъа хIинца ша Федалан гуламехь динчу къамелехь Соьлжа-гIалахь хIинца а дIабоьлхуш тIемаш а болуш цуо элира, ша тешна ву, меттигерачу къепе ларйархоша хьал шайн кара дерзор ду бохучух аьлла“, - иштта яздо Дие Вельт газетано, Соьлжа-гIалахь, могашаллин министраллин хаамашца, мел кIезга а итт эпсар вийна бохург билгал а доккхуш.

Дойче велле агенталло Соьлжа-гIалахь тIемалоша динчу тIелатарийн хьокъехь карладоккху, Нохчийчохь йозуш яцарехь болу тIом кху тIаьхьарчу ткъо шарчохь дIабоьдуш хилар.

Цу тIеман жигара фаза тоххарехь чекхйаьллехь а, амма шаьш эшна бохург къобалдеш боцучу тIемалоша кест-кеста тIелатарш до йоллучу Къилбаседа Кавказехь а Iедалхойн хьукматашна а, цхьа-цхьаццачу кхерамазаллин структурийн белхошна а, тобанашна а. ХIинца Соьлжа-гIалахь тIемалойн тIелатарехь баъйинчийн терахь билгал хууш ду, „байъинарш бу“ аьлла чоьхьарчу министраллин белхахоша алар бен бохуш яздо Дойче Веллес.

Цу юкъана шена тIе тидам бохуьйтуш ду, Украинерчу Лакхарчу Радехь еарий дийнахь декна долу дIахьедарш. Ткъех шарахь Нохчийчохь къиза тIом боьдучу муьрехь цхьанна а кепара нохчийн къомаца бала ца хилла болчу Украинерчу депутаташа, хIинца Кремлан ямарта политика шайна тIехь шаьш зен буьйлабелча, сихонца Ичкерехь шаьш дIахьош йолу къизаллин операцеш саца а яц, нохчийн жигархошца диалог йолае аьлла кхайкхам бина Кремле Лакхарчу радин депутат волчу Левус Андрейс. Вуно башха дешнаш карийна цунна цу шен кхайкхамна.

Украинин Кхерамазаллин сервисан куьйгалхочуьн гIовса лаьттина волчу цо элира: „Со вуно гIайгIане воьжна а, оьгIаз вахана а ву, Кремлерчу чаьлтачаша „Имарат Кавказ“ цIе йолчу бакъонашларйаран боламан жигархошна дуьхьал ечу акцийн кепех.

Нохчийн гIаттамхой шайн конституцехула йолчу бакъонашкахь къуьйсуш бу, масала, бакъйолчу федерализацехьа а, Оьрсийчоьнан конституцино шайна луш йолчу референдумехела шайн пачхьалкхан кхоллам билгалбаккха йолчу бакъонехьа а“, - элира цо. „Москохана хазахеза Кавказан аз, ткъа нохчийн жигархошца цо диалог йолон еза“, - элира депутато, цу диалогана уггаре а дикох йолу меттиг Минск хир яра, ткъа цунна юккъе хIотта Украина реза хир яра, аьлла тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG