ТIекхочийла долу линкаш

Украинера тIом Нохчийчуьрчунца бустийла дац


Дудаев ЖовхIаран цIарх йолчу батальонан буьйранча Мунаев Iиса шен накъосташца Украинехь, 2014 шо.

Тахана Украинерчу кризисан а, цигахь боьдучу тIеман а режиссер Кремл хилар шеконе ца дуьллучу Киеверчу а, Малхбузерчу а тергамчаша кест-кеста юсту Украинаца Москох лелае политика цо Нохчийчохь тIемаш беш дIакхехьначуьнца. Ткъа муха го и агIо шайна нохчашна?

Дахар халонга далар, Iер-дахарехь адамашна мел оьшучу хIуманийн мехаш ирах хьовдар Украинерчу хиламашца дузу бахархоша. Дерриг дуьнено а Оьрсийчоьнна дуьхьал, санкцеш олу зил-дозанаш деттарна , сом пайдабоцчу а долуш, доллар даздалар бахьнехь тIехIиттина лору цхьаболчара шайна чолхе киртигаш.

Кхечара кхеторехь Украинера хиламаш Нохчийчохь тергалделлачу хьолах тера бетталуш а бу, эзарниш нахана хинболу бохам-эшамаш хьесапе а ца оьцуш, и тайпа луьра, къизаллех буьзна некъ юьхьарлаьцнарш Кремал чуьра куьйгалхой а бу.

Бакъду, кхечара тидарехь, Украинехь а, Нохчийчохь а гиначу эрчонийн да цхьаъ велахь а, уьш вовшашца юстар нийса дац. Нохчийчохь хилларш а, лайнарш а, хIинца Украинехь болчу хиламашца бустар аьттехьа а къобал ца дечех ву говзанча, историк Руслан.

Цунна хетарехь, стигал латтий санна бIоста бовлуш бу цигара а, кхузара а хиламаш. Руслан ву шен хьажам бовзуьйтуш.

Руслан: «Нохчийчохь хилларш инзаре хIумнаш ду. Шина тIамехь Соьлжа гIалах хилларг гина ду-кх тхо а, дерриг дуьне а. ГIала дакъошка екъа а екъна, чуйиттина тхуна «кузан кеп» цIе йолу бомбанаш кхиссар. Нохчашка ирча хьал хIоттийнера. Нохчийчохь дерг аьттехьа а дац Украинехь.

Кхузахь хилларг ах хиллехь а цигара оьрсийн тоххарехь бевдда Оьрсийчу схьабаьхкина хир бара. Кхузахь лелийнарш адам ца тешшал, эрчонаш ма яра. Вала да воцуш, дала орца доцуш, хьийзина къам. Ток а, газ а дIа а яьккхина, аш Росси къобал яхь оха схьайоуьйтур ю шуна йовхо а, серло а бохуш. ШолгIа тIом болуш-м гуттар а чIогIа къизалла латтийна Оьрсийчоьно нохчашна тIехь.

Малхбузено ша еш йолу санкцеш хьалххехь ян езаш ма –хиллера, Путинна чам кхетталц Iад а Iа Iаш. Гуьржийчоьнна тIелетча а хIума ца аьлла, Абхази а, Къилба ХIирийчоь схьаяьккхича а ладоьгIуш Iийна… Кхечеран латтанаш схьадохуш, вол-волуш гена ваьлла Путин.

ДуьнентIехь Орсийчоьнан санна дукха латтанаш дан а ма дац. Со ца кхета цунах. Суна кхетамбоцуш хIума хетта иза. Нохчийчохь болчу хиламех тера богIуш –м бу и хиламаш, амма аьттехьа а цхьаьна богIуш бац. Нохчийчохь Iазап чIогIа латтийна. Украина кхин пачхьалкх ма ю. Аьттехьа а юстийла ма дац. Кхечу пачхьалкхан латта схьа а даьккхина шайн доза шордар Гитлер дIаваьлчхьана Европехь хилла а ма дац! И ца хилийта кхоьллина ма ю ООН».

Оьрсийчоьно шен политика хийца еза аьлла тешна ву соьца Украинах а, Нохчийчоьнах а дуьйцуш волу говзанча Руслан. Ца хийцахь боху цо, хIуъу а хила тарлуш ду дуьненахь. Нехан латтанаш схьалоьцу зама яц 21-гIа бIе шо, маьрша ваха хьожу зама ю.

Руслана дуьйцу кхин дIа а.

Руслан : «ТIом чубохьуш волу стаг Iовдал ву. Геннара дуьйна цхьа орамаш а долуш, мотт тера а богIуш, гергара ши къам ма ду уьш. Нохчийчохь хилларг Украинаца дустар нийса дац дера. Дуьненна а кхераме хIума ду Кремалан дайша лелориг. Лулахочунна ахь тIулг кхоьссича цуо хьуна кибарчиг кхуссур ма ю. И хаа дезара.»

Дукхахболчу бахархойн цхьа лаам –сатийсам бу- муха деъна а, Украинера хьал къепе дар, хьалха санна синтемечу хорша дерзар. Цхьаболчийн кхетамца тIаккха мехаш а хьалха санна дIахIуьттур дара, дахар а мелла а аттачу дер дара.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG