Малхбалерчу Украинера кхочучу хаамашца, лардеш ду пачхьалкхан эскарша а, сепаратисташа а президента Порошенко Петрос кхайкхийна «тийналлин де». Сингапуре вахана волчуьра Порошенкос элира, тхан эскарша ца дина цкъачунна цхьа а кхоссар, тхан салтех а ца вийна стагга а».
Оьрсийчоьно Украине газ дIахьажочу денца деъна Донбассехь «тийналлин де» а. Бизнесхошна а, Iилманчашна а, дипломаташна а хьалха къамел деш Порошенкос бохура, «Украина кийча ю цIий Iенор сацон, амма яц маршонан, демократин, суверенитетан мехах-м».