ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIаттамхойн гергарчарна таIзардар - иза къизалла ю


Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана гIаттамхойн гергарчийн цIенош а дагош, уьш махкахбохур бу аьлла дина дIахьедар мел догIу Оьрсийчоьнан низамашца таллар дехна Инарла прокуратуре а, Талламан комитете а «Къизаллина – духьало» цIе йолчу юкъараллин куьйгалхочо Каляпин Игора. Иза тешна ву Кадыровс шен къамелца низам талхош хиларх.

Кхочучу хаамашца, ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Яндарехь а, кхечу массех юьртахь а хIинцале ягийна Соьлж-ГIалахь байинчу цхьаболчу гIаттамхойн гергарчийн хIусамаш. Дуьххьара дац гIаттамхойн доьзалийн цIенош дагор, Нохчийчохь дуккхаза а хилла иштаниг дахначу шерашкахь а. Оцу хьокъехь Кадыров емалвеш артиклаш араевлла кху деношкахь дуьненан зорбанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG