ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

66 журналсит вийна кху шарахь кху дуьнентIехь


Кху чекхдолучу шарахь 66 журналист вийна кху дуьнентIехь. Цунах лаьцна хаам бина «Доза доцу репортераш» организацино. И нах байина шайн белхан декхарш кхочуш деш. Стохка байинчу журналистийн терахь 7 процент алсам дара. «Доза доцу репортераша» дийцарехь, вуно кхерамехь бу конфликташ йолчу меттигашкахь болх беш болу журналисташ.

Иштта кху шара Шемахь вийна 15 журналист. Палестинехь вийна – 7. Иракъехь вийна 4 журналист. 6 журналистана Iожалла карийна Украинехь. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, алсамдаьлла кху дуьнентIехь журналисташ закъалтана лецар.

Церан терахь 119 стаг. Цул сов соцуш дац кху дуьнентIехь журналисташ чубохкар. Уггаре дукха царна кхелаш йина Китайхь- 29, Эритреехь - 28, ГIажарийчохь -19.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG