Италин дозанхошна экипажо тесна дитина киралелон хинкема карийна шайн бердан йистехь. Цу тIехь хилла 450 гергга стаг, шайна юкъахь зударий а, бераш а долуш. И нах мичара бу толлуш ду Iедалш. Ловзабаьлла хIор а болуш, Италин бердан дозанхой беркеманца тIехевшина цу кеманна. Цара дIатакхийна дуьгуш ду иза порте.
Iедалан векалша дийцарехь, Сьерра-Леонеy байракханна къеллахь догIуш долу кема Итале новкъа даьлла хилла Туркойчура. Ткъа шайн ягориг чекхяьлча кеманан экипаж едда цу тIера.
И тайпаниг шолагIа хуьлуш ду цу меттехь кху тIаьхьарчу 3 дийнахь. ГIуран-беттан 30-чу дийнахь Грецин Корфу гIаренна уллехь карийнера Молдовера киралело хинкема. Цу тIехь хиллера 850 гергга Шемара а, Иракъера а бевдда нах. Италхоша уьш дIабигина шайн Сицилерчу цхьана порте.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мухIажирашкахула йолчу урхалло далочу терахьашца, цхьана Лахьан-баттахь хIордан кеманашца Итале кхаьчна 160 эзар бакъо йоцуш болу мигранташ, Греце кхаьчна 40 эзар стаг.