ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь агрессор хилар даре деш сацам тIеэцна Украинин Радо


Оьрсийчоь агрессор-пачхьалкх хилар даре деш сацам тIеэцна Украинин Лаккхарчу Радо. Украинин депутаташа кхайкхам бина кху дуьнентIерчу парламенташка а, дуьненаюкъарчу организацешка а, Оьрсийчоьнан Федераци агрессор хилар даре а дай, цунна Iаткъам бар алсам даккхахьара аьлла.

Цул сов, Лаккхарчу Радо дехар дина дуьненаюкъаралле Донецкан а, Луганскан а республикаш олу тобанаш терроран организацеш ларар. Украинин парламенто динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, Оьрсийчоьно терроризмана гIортор еш хиларх а, кху дуьнентIехь кхерамазалла а, машар а хиларна кхерам а тосуш, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташонан балхана новкъарло еш хиларх лаьцна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG