Официалан доцу дуьненаюкъара Цицигийн де ду Марсхьокху-беттан 8-гIа де. Адамаша цу дийнахь гойту шайн цицигашка болу безам а, шаьш уьш ларар а. Чехехь масех кешанаш ду, леррина цIахь кхаьбначу дийнаташна хьажийна. Шен делла долу цициг я жIаьла (я кхиндолу дийнат) дIадолла йиш ю цигахь, жимма мах а белла. Тхан корреспондент ваханера ПрахIехь долчу кешнашка, цигахь долчу хьоле хьажа.
Цицигашна а, жIаьлешна а хила деза кешнаш

1
ПрахIера кешнаш гIалин йистехь ду, БохIнице олучу меттехь, цхьана паркана уллохь.

2
Арахь Iа делахь а, кешнаш дIатесна дац.

3
ХIара кешнаш Iедалан карахь дац. Цхьа тоба нах вовшах а кхетта, долийна ду хIорш.

4
Билггал муха дуьйладелла и тайпа кешнаш, хууш дац. Амма цхьаболчара дийцарехь, цIера дийнаташна лерина кешнаш дуьххьар 1896-чу шарахь Нью-Йоркехь долийнера цхьана ветеринаро. ЖIаьла а делла, холчохь хилла волу шен доттагI гуш, шен Iежийн беш дIаелла хилла цуо, цуьнан жIаьла латтах долла. Тахана цу кешнашкахь 80 эзар сов жIаьлий, цицигий ду боху дIадоьллина.