ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонашца долу хьал довзийтина Human Rights Watch организацино


Адамийн бакъонаш цаларъяр доккха гIалат ду дуккха а пачхьалкхийн Iедалийн аьлла дIахьедар дина Human Rights Watch организацино. Еарин дийнахь цо довзийтина адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна долу хIора шарахь кечдеш долу рапорт. Цу тIехь дуьйцуш ду муьлхачу хьолехь ду адамийн бакъонаш ларъяр 90 пачхьалкхехь.

Шайн рапорт довзуьйтуш Нью-Йоркехь Human Rights Watch организацин куьйгалхочо Рот Кеннета элира, чекхдаьлла шо цу агIор вуно чолхе дара аьлла.

Оьрсийчоьнах лаьцна дуьцуш, цо элира 2012-чу шарахь дуьйна Кремло диссиденташ а, юкъараллин жигархой а, бозуш боцу журналисташ а, дуьхьалонан акцийн декъашхой а хьийзор долийна аьлла. Цу тайпаниг хилла дацара элира Рот Кеннета Советан пачхьалкх йоьхнчхьана дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG