ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тахана нохчийн къам балехь делахь а...


Нохчийчоь -- Пайхамаран сий лардеш хIоттийначу гуламехь, Соьлж-ГIала, 19Деч2014
Нохчийчоь -- Пайхамаран сий лардеш хIоттийначу гуламехь, Соьлж-ГIала, 19Деч2014

Нохчийн къоман Маршонан боламан баьччанаш я байъина, я, чалтачех шайн синош лардеш, дуьне ма-дду дIасабевлла. Дийнабисинчех ву Маршо Радион Прагерчу хIусамехь хьастагIа хьошалгIахь хилла Аьрсбин Абубакар. Цуьнан ойланаш йовзийтира оха хьалхо, хIара къамелан шолгIа дакъа ду.

Нохчаша тахана стенна магадо шайна шайлахь буьйцу мотт а оьрсийниг хила. Ненан мотт цаэшар ду иза, я цабезар ду, я цахаар ду?

Кест-кеста хуьлуш ма-хиллара, нохчийн шахьарахь Соьлж-ГIалахь яздархой гуллучу вахначу Маршо Радион корреспондентна деношкахь йиш йохар, гулъеллачу интеллигенцино буьйцург нохчийн мотт бацарна, иза болх бойла доцуш висар стенна ду туьду Аьрсбин Абубакара.

Маршо Радио: Деношкахь оха тхайн корреспондент хьажийнера Соьлж-ГIалахь яздархой гуллуче. Цигахь оьрсийн мотт бу буьйцург, хаам бо цо. Оха доьху цуьнга яздархошка цара нохчийн маттахь стенна ца хIоттийна барам хаттар. Уьш реза ца хуьлу жоп дала, иза тхан провокаци ю, боху…

Абубакар: « …Дера и чубаьхкина гIазакхийн нохчашкахь доьналла дита баьхкина ма бац. Кхин шайна дуьхьало ца йийрриг къоман бух аьтна дIабаккха баьхкина бу. Иза ю церан программа, иза бу цара бен Iаткъам. ХIинцца нохчаша шайна динарг кхин ца дайта, шайн мотт тIебоккхуш бу, вайниг отуш бу

«Ненан мотт», «Ненан меттан Де» бохуш, и цIерш а етташ, ПутингIара, Москохно вайна дуьхьал болх бойтуш бу вайн массо а институцешка. Вай йина академи, кхийолу стктураш йитина болх бан. Иза цара даим а до. Наибаш а хилла цара дийна буьтуш, уьш шайгахьа бевлча, царех пайда оьцуш а хилла. Динарг доха а ца деш, иза шайна дерзадо – цара хьекъале бо шайн болх. Церан зеделларг а ду, баккхийн гIирсаш а бу карахь

«Нохчий» бу бохуш а дуьйцуш, массанхьа а буьйцуш гIазакхийн мотт бу. Хьалха а дара, нохчийн мотт хуург акха стаг ву, оьрсийниг хуург дуьненан иралле кхаьчна ву олуш. ХIинца а оццу тIехIоьттина хьал. Тахана Соьлж-ГIалахь стен а, борша а, шаверг, гIазакхийн мотт бийца гIерташ ву».

Тамаше кхин цхьа хIума а лела шаьш нохчаллах буьзина а бу, шайна санна нохчийн хIуманаш а ца девза, шайна санна къам а ца деза бохучу нахалахь - массо а кIоргга маьIна долу, шаьш вовшашна дика кхетам луш долу къамелаш оьрсийн маттахь дар, къаьсттина оьрсийн меттан йозанца.

Иза иштта нислур дара нохчашна шаьш баккъал а муьлш бу хаахьара аьлла хета Аьрсбин Абубакарна. Амма шен къоман сий-ларамбар цхьаъ ду, ткъа иза тIех даздина стигалан Iаьрчашка кхачош хестор – иза кхин ду...

Маршо Радио: Ватсап, Фейсбук, кхиболу социалан интернет-машанаш бу нохчашлахь баьржина. Цигахь нохчаша чуьрабовллий, къийса а луш, нохчаллах, гIиллакхаш лардан дезарх, мотт Iалашбан безарх дуьйцу… дуьйцу оьрсийн маттахь. Ахь хотту, вайлахь цхьа а оьрсий а ца хилча, и къоман гIайгIа нохчийн маттахь балхабе вай, олий…

Абубакар: «…Ца лаьа царна».

Маршо Радио: …Цул совнаха, ца хаьа.

Абубакар: «Цахаар – цалаар. Лаамо лелош ву стаг. Дала а хьоьга хьан лаамех долуьйтур ду жоп. Дайшкахь лелла гIиллакхаш… Iаьрбаша аьлларг дуьйцур ду ас. Вай Маршо яьккхинчу муьрехь Хьалха-Мартана Iаьрбийн дешна нах, къаной, баьхкина хиллера, виъ стаг. Цара дийцинарг ду хIара.

Шаьш кегий долуш шайн Iеламчаша-устазаша олура шайга, Кавказехь цхьа къам ду, асхьабийн гIиллакхаш а долуш, лоьмийн дегнаш долуш – Шишанаш, иштта дуьйцура шу, шуна маршо -яьлла, шун юьх-сибаташка, шуьга хьовса даьхкина шаьш, боху бахара.

«Асхьабийн гIиллакх, лоьман дог» - лаккхара мах бу и хадийнарг. Иза вай довза а девзаш хадийна бу. Оцу тIера дийцина, хIара дуьне цец а дохуш, вайх лаьцна вайн доттагIаша а, мостагIаша а вайх лаьцна. Вай маьрша къам хилла дела ду иза. Маьрша хилла вайлахь я элий а, я паччахьаш ца хиларна. Вайн маршоне, паргIатоне а богIий, вайца баха ховшуш хилла ерриг а Кавказера нах, уьш хIинца вайлахь бу, вайх бу».

Тахана нохчийн ша дех-дехачохь цхьабосса яц я бакъонаш а, я дешан маршо а. Дозанал арахьа беха вайнах маьрша бу шайн къоман гIайгIанаш, Кремлан бага ца хьоьжуш, шайн къамелийн политикан ираллах ца кхоьруш, бийцаребан.

Нохчийчохь адамашкара доккхачу декъанна дIаяьхна и тайпа маршонаш. Ткъа ша-шена маршо кхачошверг, Iедалх, цу Iедалан дайша шаьш хьоьххучу барамехь, кхоьруш воцург я вуьйш ву, я набахтехь кхобу. Масала, вайнах махкахбаьхна де билгалдоккхуш Соьлж-ГIалахь конференци хIотторна маршонах ваьккхина кхобу политик Кутаев Руслан санна.

Иза боккха лазам бу Европерчу а, Малхбалерчу а, Iамеркарчу а нохчийн. Оцу хьокъехь а хилира къамел Маршо Радион Аьрсбин Абубакарца. Кхиберш а санна, иза теша, Нохчийчохь лаьтта диктатура цкъа кхачориг хиларх, къам паргIатонашкахь дехарг хиларх а.

Маршо Радио: Паччахьаш хилла бац вайн, элий хилла бац вайн. Эла хуьлуш велахь, вай массо а ду элий, бохуш, схьадогIу вай. Амма тахана Нохчийчохь куьйгалхочух «вайн паччахь» ца ала кхераме а долуш хьал деана. Иза муха тида деза?

Абубакар: «Тахана нохчашкахь цхьа а нохчийн хIума ца магийта тIедеъна хьедал ду Нохчийчохь. И нах нохчийн бац, уьш гIазакхийн политика дIаяхьа хIиттийна церан нах бу. Церан салтий а бу уьш, церан белхахой а бу уьш. Нохчий уьш бац. Шайн маршо ларйинарш бу нохчий, шайн маршонна тIехь лаьттарш бу нохчий. Уьш «чеченаш» бу. Кремло шена ма-оьшшу кечбина, дIахецна нах бу уьш.

Дума а хьокхуш Нохчийчоьнан корта боккхуш бу уьш, вайн дайшна а дайна. Адам пис долош, тIекхуьурш лайн амалехь кхиош. Инструкци Кремлера арайолуш ю. Шайн лаамехь нах бац мехкан Iедалехь. Маршо ю ала меттиг битина бац. Хьовсал оцу политикна Кутаев Русланна, цхьа а бахьана а доцуш, набахте а хьажийна, тIехь бен ницкъ! Шайна тIехь харцо ма лелае ала а паргIато яц тахана нохчашкахь.

Иза дерриг а хьайна къомана. Къам юха а гIатта сахьт дац. Дай-нанойн, гергарчийн цIенош дагор – иза маца хиллера вайн? Оцо цкъачунна сецабо къонахий. Амма деха лаьттар дац ишта. Цкъа оьккхур ду собар нехан. Амма нохчочо бIешарахь а ца дицдо шена дина вон. Массарна а хаьа шайн чIир хьаьнца ю, мила стенна бехке ву. Оьккхур ду собар..»

XS
SM
MD
LG