ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джо: Европан карта цоьстуьйтур дац


Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президента Байден Джос дIахьедина, Украина дахарехьа къуьйсуш ю Оьрсийчоьно ша шен малхбалехь сепаратисташна дуьхьаллатта декхаре йинчу хьелашкахь, аьлла.

Германин канцлер Меркел Ангела а, Францин президент Олланд Франсуа а оьрсийн президентна машаран некъ хьеха дагахь бу аьлла баьржинчу хаамна комментари еш Байдена элира, «Оьрсийчоьнна могуьйтийла дац Европан карта цеста», Цхьанатоьхна Штаташ а, Европа а оцу тIехь цхьаьна хила еза».

«Оьрсийчоьно марсайоху конфликт, тIаме шен нах а, танканаш а хьийсош», ткъа мехкаш цхьаьна хила беза Украинан цхьаалла, суверенитет йохайойтийла дац бохучунна тIехь, элира вице-президента Байден Джос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG