ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краматорске ракеташ йиттина адамаш дайина сепаратисташа


Украинехь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа Град йиттина Краматорск гIала. Контртерроран операцин штабан векалша бинчу хаамца, ракеташ йиттинарш бу Оьрсийчоьнан эскархой. Иза цара дина Горловка олучу эвлан йистера. Iедалан векалша дийцарехь, и бахьана долуш лаххара а 7 стаг вийна, 15 чевнаш йина ву.

Украинин армин буьйранчалло бинчу хааца, сепаратистийн Iалашо хилла Краматорск гIаларчу аэропортехь йолу эскархойн позицеш. Амма ракеташ еттаелла луларчу маьрша нах бехачу кIошташка. Цхьаболчу хаамашца, Градан ракеташ йеттаелла Парковая урамехь долчу 9-зза тIекъелдинчу цIанна. Украинин президентан хьехамчо Бирюков Юрийс хаам бина Град тоьхча вийна 2 эскархо аьлла. Кхин а 9 Украинин эскархо чевнаш йина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG