ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь хиджаб лелор дехкар нийса ду боху Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело


Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо сацам бина Мордоверчу школашкахь хиджаб лелор дехкар нийса ду аьлла. Цу республикехь школашкахь йовлакхаш лелор дихкинера Iедалша 2014-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. И бахьана долуш меттигерчу бусулба юкъаралло латкъам бинера кхеле. Амма лакхарчу инстанцеша къобул динера и дехкар.

Хиджабаш а, кхин долу а динца доьна духар лелор Оьрсийчура школашкахь дехкаро къийсамаш баржийна юкъараллехь. Уггаре а хьалха хиджаб лелор дихкинарш яра Ставропол-махкара школаш. Бакъонашларъярхоша дийцарехь, хиджаб лелор дехкар бахьана долуш школашкахь Iаткъам ловш бу и духар лелош болу дешархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG