ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эшахь а аьлла Оьрсийчоьнна керла санкцеш кечйина Евроберто


Германин а, Францин а куьйгалхоша варе йина Москох нагахь Минскехь бина барт кхочуш ца бахь шаьш керла санкцеш кхайкхор ю аьлла. Еарин дийнахь Брюсселехь зорбанан конференци дIаяьхьра Минскерчу дийцаршкахь дакъалоцуш хиллачу Меркел Ангелас а, Олланд Франсуас а.

Германин канцлеро Евробертан саммит чекхяьлча дIахьедар дира Европерчу пачхьалкхийн лидерша дехар дина Еврокомиссе Минскера барт кхочуш ца бахь Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхо оьшур йолу керла санкцеш кечйе аьлла.

Цу тайппа дIахьедар дина Францин Президенто а. Олландана хетарехь, Украинехь баккъалла а герзаш деттар сацахь Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш дIаяха йоло мегар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG