ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIаьрзечийн арз: «Са ца гурш тхо дац – шу ду!»


Нохчийчоь -- Сацагучийн библиотекехь, куьйгалхо Заурбекова Мадина, Соьлж-ГIала, 15Чил2014
Нохчийчоь -- Сацагучийн библиотекехь, куьйгалхо Заурбекова Мадина, Соьлж-ГIала, 15Чил2014

Хьераяьлла йоьду прогресс, хуьлу бес-бесара хийцамаш. Ши бIаьрг, ши ког берг ларво дахаран аьрхачу боларца. ...Ткъа хIун до когаш боцчо я ши бIаьрг боцчо? Иза а ма ду, шен дуьнене хьежар а долуш, кхетамчохь адам, цуьнан ойла вай ян а йиний? Ткъа Нохчийчохь-м ву 3100 бIаьрса доцу вахархо....

Ши бIе шо хан ю францхо Брайль Луи массо а бIаьрзечу нахана вевза. Шен 3 шо долуш бIаьрга уьрсан юьхиг Iоттаяларан бахьанийца бIарзвелла висина иза. Олуш ма-хиллара, гIогI дойначунна хаьа гIог дойначуьнгара хьал. Иза хууш, шен 16 шо долуш кхуллу Брайла бIаьрзечарна лерина дешаран алфавит, пIелгашца тIадамаш хIитторн башхалла а зуьйш доьшу йоза.

Цуьнах пайдаэцна доллу дуьнено а.

Маршо Радион Iалашо хилира талла, муьлхачу хьелашкахь бу тахана Нохчийчохь Брайлан абатехь бен деша хаа таро йоцуш беха нах.

БIаьрзечарна лерина ю Соьлж-ГIалахь цхьа библиотека. Иза лаьтта 8-гIа Мартан цIарах урамехь.

Йовха, яккхий хIусамаш, шайн белхан меттигашкахь карийра белхалой.

Къмеле елира библиотекан куьйгалхо Заурбекова Малика. Цо дийцира….

Заурбекова: "Библиотеке схьа а богIу, тхан белхалой бIаьрзечу нехан цIа а боьлхий, цIахь дIалуш ю книгаш. Машен ю тхан тхешан. Тхан ешархоша телефон схьа а тухий, хIара я важа литература оьшура шайна олу, тIаккха тхан белхалоша уьш вовщах а тухий, дIакхачайо. Къасттина царна хазахеташ, цара йоьшуш ерш ю бусалба динах лаьцна, Пайхмаран дахарах лаьцна".

Цул совнаха хIора кIирнах кхузахь вовшах а кхетий КъурIан деша а Iамадо цара. БIаьрзечарна лерина, куьйга доьшу КъурIан ду тхан. Нохчинй яздархойн литература а ю тхан, амма еша аьттонаш цкъачунна бац, цундела индивидуальни ешарш хуьлу тхан, тхешан белхалоша йоьшу царна церан лааме хьожжий. Гуьмсехь еха тхан книгашъешархо, карарчу хенахь абат Брайлан шрифте йоккхуш ю иза, цул тIаьхьа аьтто хир бу тхан книгашъешархойн нохчийн литература йовза а».


Диъ шо ду нохчийн элпаш Брайлан абате а дерзийна, нохчийн маттахь йозанаш дан тарло.

Цу тIехь къахьийгира махкарчу Сацагучийн юкъараллехь шайн лаамца кхоллаеллачу тобано. Цу юкъахь вара Мустаев Рамзан, Алмасханов Хьамзат, Юсупхаджиев Дауд, Туганов Абуезид.

Маршо Радион къамел хилира ша бIаьрзе велахь а, къар ца велла, маьлхан кIел шена йоггIу меттиг дIалаьцна вехачу Туганов Абуезидаца.

Абуезид ТIехьа-Мартанарчу школехь берашна истори хьоьхуш а ву, цул совнаха тоьлларг пондарча, иллиалархо а ву.

Цо дийцира муха, маца кхоллабелира лаам, Брайлан абате нохчийн йоза дерзо а, мичахь сецна лаьтта шайн болх а.

Туганов: «Муха дара аьлча, тоххара ас доьшучу хенахь, интернат ю-кх Суьйла-коьртехь бIаьрса доцчийн а, ледара долчийн а. ХIетахь тхуна оьрсийн мотт хьехара, немцойн мотта ъьехара. Нохчийн мотт цигахь Iамош бацара. Мотт Iама луучу ас хаьттира, хIунда ца хьоьху кхузахь нохчийн мотт, аьлла.

Нохчийн абат Брайлан шрифте ерзийна яц, цундела таронаш яц Iамо. Цул тIаьхьа дуккха а хан дIаели, бIаьрзечийн юкъараллехь тхо вовшхкхетча юха а карла а даьккхина Iалашо хилира тхан Брайль нохчийн матте гочван.Абат кхоьллина, амма кхи дIа болх бан вайн республикехь говзанчаш бац.»

БIаьрзечийн библиотекехь суна карийра бIаьрса ледара долуш, Брайлан кепехь хIоттийна КъурIан доьшуш Соьлж-ГIалин яхархо Мадина.​

Нохчийчоь --Сацагучийн библиотекехь, Мадина ю Къуран доьшуш, Соьлж-ГIала, 16Чил2015
Нохчийчоь --Сацагучийн библиотекехь, Мадина ю Къуран доьшуш, Соьлж-ГIала, 16Чил2015

Мадина: Къуран доьшуш.

Европерчу уггар яккхий музейша кхуллуш лерина программаш ю бIаьрса доцчу нахана лерина, церан аьтто хилийта йовза дуьненан исбаьхьалла.

Китайхь бIаьрзечу нахана аьлла кхоьллина электронан планшет, суьрташ доху аппарат а.

Iамеркехь арахецна бIаьрзечунна хехка аьттонашца йина машен.

Индехь телефонаш ю арахоьцуш бIаьрзечу нехан хьашташна жоьпаш луш.

Ткъа Нохчийчуьра бIаьрзечу нехан гарехь кесста хир бац аьтто, машен хахка-м хIунда дуьйцура, ур-атталла нохчийн яздархойн тоьлла произведенеш еша а.

Олуш ду, уггар а кхераме дерг бIаьрзе са хилар ду, бIаьрса долучийн са.

XS
SM
MD
LG