ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь хуьйцуш бу йийсархой


БIе сов Украинин эскархо ву шайн карахь аьлла дIахьедар дина Донецкан халкъан республика олучу тобанан куьйгалхоша. Йийсархой шайн нахах хийца дагахь бу уьш. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфакс» агенталло. Донецкерчу сепаратистийн хьалханчаша чIагIдарехь, церан карахь болчу эскархойх дукхах берш Дебальцевохь лецна бу.

Хьалха сепаратисташа дIахьедарш дора Дебальцевохь тIемаш боьлхуш шаьш 300 гергга Украинин эскархо лаьцна бохуш. Киево и хаам харц бина. КIирандийнахь Луганскана генадоцуш йийсаре лецна болу нах хийцина сепаратисташа а, Украинин Iедалан векалша а. Украинин кхерамазаллин кхеташонан векло Лубкивский Маркияна бинчу хаамца, 140 Украинин эпсар а, салтти а хийцина 52 сепаратистах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG