ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзаш деттар соцуш дац Украинин малхбалехь


Украинин эскархой а, сепаратисташ а вовшен бехкаш дохкуш бу герз деттар сацоран раж йохорна. Украинин эскаран векалша дIахьедар дина тIом хиллачу меттигашкара деза герзаш юхадаха карарчу хенахь аьтто бац шайн аьлла. Украинин малхбалехь дIахьош йолчу лерринчу тIеман операцин штабан векло Стельмах Анатолийс бинчу хаамца, Оршот дийнахь сепаратисташ 24 герзаш диттина церан эскархой дIатарбеллачу меттигашка.

Шайн агIор сепаратистийн векалша чIагIдо, даханчу дийнахь-бусий Украинин эскархоша яккхийн тоьпаш йиттина шайна Донецкан аэропортехь а, Пески эвлахь а бохуш. Донецкан халкъан республика олучу тобан тIеман министр ву ша бохучу Басурин Эдуарда дIахьедар дина Интерфаксе, сепаратисташа деза герзаш юхадаха долийна цхьацца секторшкара аьлла.

Минскехь хиллачу маслаIатца а догIуш, еза техника а, герзаш а юхадаха дезаш ю ши а агIо кху беттан 16-чу дийнахь дуьйна. И гIуллакх дIадерзо дезаш ду цара ши кIира далале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG