Кхаа дийнахь ГIажарийчоьнан зарратан программа йийцаре йина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона а, ТехIеранан дипломатин дас Мохьаммад Зариф Джавада а.
Швейцарерчу Монтрехь, и дийцарш дирзича, гIажаройн арахьарчу гIуллакхийн министра элира, шаьш вуно дика болх бина, дан дезаш а ду дуккха а.
Изза хаамбина Iамеркан векалша а. КхидIа дагавер ву Керри шен Британерчу а, Германерчу а, Францерчу а коллегашца кху беттан 15-чохь.
Зарратан герз кхолларх гIажарой а ларбеш, церан мохк дуьнено тоьхна латточу санкцех паргIатъяккха гIерта зарратан герз долу пхи пачхьалкх.
Доьлхучу дийцарша кIезиг пайда барна кхоьру ша, аьлла дIахьедина деношкахь Израилан премьер-министра Бенжамин Нетаньяхус.