ГУЛАГ-ан историна хьажийна Оьрсийчохь цхьаъ бен йоцу "Пермь-36" музей дIакъовлуш ю Iедалша. Царна цатайна цо Сталинан заманахь лелийначу къизаллех лаьцна дуьйцуш хилар.
Сталинан заманахь лелийна къизаллаш гойту Пермь−36 музей дIакъовлуш ю Iедалша
9
Iаьнаран яйш долчу чохь кIора схьагулбеш ву белхало. Музейн директоро дийцарехь, кхузахь болх беш хилла "Пермь-36" лагерехь латтош волу советан заманахь диссидент хилла волу бакъонашларъярхо Ковалев Сергей.
10
"Гулаг: истори, болх, дахар" цIе йолу музейн гайтам бу кхузахь, "Перми-36" лагеран коьрта экспонаташ цуьнан гIишлош елахь а.
11
"Перми-36" музей кхоьллинарг ву историк Шмыров Виктор. Цо дIакхайкхийна музей дIайоккхуш хиларх лаьцна. Iедалш дагахь хилла и музей шайн балансе эца, Советан пачхьалкхехь хиллачу репрессех лаьцна болу гайтам дIа а къевлина.
12
"Пермь-36" йоцург кхин а масийтта цу тайпа лагер хилла Перман крайхь.