ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йеменера хьал дуьйцуш бу Iаьрбий Мисарахь


Шина денна лерина Iаьрбийн пачхьалкхийн Лиган саммит йолаелла Мисарахь Шарм-эш-Шейхехь. Цигахь дуьйцуш долу коьрта хаттар ду Йеменехь хIоьттина хьал. Кхаарин дийнахь дуьйна цхьамогIа Iаьрбийн пачхьалкхаша накъосталла а деш, шиIатийн гIаттамхоша-хуситаш дIалецначу меттигашна тохарш деш ю Сауди Iаьрбийн пачхьалкх.

Iамеркин президенто Обама Барака Саудин паччахьца Салманца къамел деш дIахьедар дина, шаьш гIортор йо Саудин Iаьрбийн пачхьалкхо а, цуьнан бертахоша а Йеменехь дIахьочу тIеман операцина аьлла. ГIажарийчоьно гIортор ечу шиIатийн гIаттамхоша стохка дIалаьцна Йеманан коьрта гIала Сана а, дукхах йолу цу мехкан провинцеш а.

ХIара шо долалуш цара даржера вохийра Йеменан президент Хади Мансур Абд Рабба. Кху беттан 26-чу дийнахь иза махкахваьлла хусийташ тIемаш долийча. Хади карарчу хенахь Мисарахь дакъалоцуш ву Iаьрбийн пачхьалкхийн Лигин саммитехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG