ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхошна йиттина Владимирехь


Оьрсийчоь --Владимир гIала
Оьрсийчоь --Владимир гIала

Оцу хиллачу девнан, кхоччуш хаам бац. Умаев Шемилан деваша Iадани цига воьдуш ву. Маршо Радио телефонца зIене яьлча, иза цIерпошт чохь вара, Владимире ваха новкъа ваьлла.

Билгала хууш дерг, кавказхойн къомах ву аьлла, Умаев Шемил а, цуьнан суьйли накъост а х1ума кхалла цхьана кафе чу ца витина, гIароллехь лаьттачара. Цигахь дош-дашера даьлла, вовшех летта. ХIинца, хьал гарехь гена даьллачух тера ду, бохуш дийцира Умаев Iаданис.

Умаев: «Хьовзам баьлла аьлла, воьдуш ву со. Сан вешийн кIант а, тхан хьаша волу суьйлийн кIантий, цхьана кафе чу ца битина, уьш кавказхой бу аьлла. Цигахь дов даьлла.гIаролхой дукха болуш, кхарах летта.

Шен кхин дан хIума ца хилча, вешийн кIанта уьрсан мIаьчик Iоьттина цхьанна. Цигахь етта царна. Суьйли, цуьнан вашас схьавоккху. Вайниг къайлаваьккхина вара, карош вацара. Ша спортхо ву иза, оцу кIоштехь воьвзуш ву».

Хилларг, билгала цига дIакхаьччий бен хуура дац, амма, шена хIинцале шеко яц боху Умаев Iаданис, хиллачуьнна бух кавказхой Оьрсийчохь ца безарна тIехь бу аьлла.

Къасто дезаш ду, вай муьлш ду Оьрсийчохь, кхиболу бахархой санна бакъонаш йолуш, я кхечеран кога кIело а хилла лелара ду, элира цуо.

Умаев: «Вай бераш дIа а оьхуш, Оьрсийчоьнна тIе а хIуттуш лелаш ду. Ткъа, кхузахь бакъо йолуш дац вай. Иза чIогIа новкъа ду суна. Кху пачхьалкхехь хIун бакъо ю вай? Низам ду вайца я дац?

Нагахь санна, цигахь харцо кховдинехь, тхо тIом бийра болуш ду-кх цигахь. ТIаккха хIара гIуллакх гIара а дера ду. Суна лаьа и резонанс хилийта. Жимма гIаттам бан ма беза, вай кегий бераш хьийза ца дайта».

ТIаьххьарчу шерашкахь, Оьрсийчохь, иттанаш дийлина нохчий юкъахь а болуш девнаш. Даиманна, уьш гIара а дохуш, цхьа агIо а лоцуш, кхайкхадо хаамийн гIирсаша.

Оцу бахьанца, Оьрсийчоьнан юккъараллехь, кавказхошна доьхьала йолу дог-ойланаш ира лаьтта. Оьрсийчоьнан къаьмнийн цхьаалла лар ца яхь, пачхьалкх юхур ю бохуш Iедалан лаккхарчу тIегIанера кхайкхадо.

Пачхьалкхехь леррина и гIуллакх нисдархьама, кхоьллина къаьмнийн юккъаметтигийн агенталла. Еарийндийнахь хиъна цуьнан коьрте мила хIоттийна. Иза ву, Къайлахьчу сервисера «Альфа» олучу тобийн коьртехь хилла волу, Нохчийчохь тIом бина эпсар.

XS
SM
MD
LG