ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зарратан дийцарш дирзи


ТехIеранехь рузбан ламазаш деш гIажаройн аятоллас ХIаменаи Iелас къобалдира шайн махко зарратан герзийн да йолчу 6 пачхьалкхаца бина барт. ТIехIеранерчу университетан маьждигехь даIват деш цигарчу имамо Эмами-Кхашани Мохьаммада «собаре а, хьекъале а» гайтина шаьш ГIажаройчоьнан агIор бартбиначара, элира, хаамбо ИСНА-агенталло. Цо а бохура, аятоллас ХIоменаис къобалбина церан болх.

Швейцарерчу Лозаннехь чекхъялла дийцарийн коьрта раунд, барт хилла кхин а кхо бутт баьлча, дуьззина массо а хеттарш дIа а къовлуш, ГIажарийчоьно шен зарратан программа дуьненан мониторинге а луш, герз кхолла хилла лаам буьтур болуш. Ткъа дуьнено юхаоьцур ю ша ТехIеранна тоьхна латтае экономикан эмбарго. Лозаннера дийцарш дика жамI долуш дерзар даздеш бу ГIажаройчоьнан коьртачу гIаланашкара бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG