ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн кегийрхой Шема леларо гIайгIане баьхна пIаьнгазхой


Гуьржийчоь --ПIаьнгазан бахархой
Гуьржийчоь --ПIаьнгазан бахархой

Деношкахь Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазера шиъ кхиазхо дIакхетта Шемарчу «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанах. Бахархой шеконашкахь бу, I8 шо дузазчу берана мичара даьлла дозанал араволу паспорт, кемантIе хаале бечу талламашкахь хIунда ца йина цуьнан терго, бохуш.

Гуьржийчуьрчу ПIаьнгазара нах сингаттамехь бу шайн кегийрхойшлахь радикалан ун даржарна. Цигарчу къаноша Iедалдайшка доьху кегийрхошна харц хьехамаш беш, Шема тIаме бахар марздеш болчу нахана таIзар дар.

Цара бечу хьехамаша тIеIаткъам а бина, шаьш ПIаьнгазан бахархоша дийцарехь I00 ца кхоччуш жимстаг стаг Шемахь «Исламан пачхьалкх» шайх олучу гIаттамхойн тобанца тIемаш беш хилар.

Дахначу оршоьтдийнахь, Гуьржичуьрчу зорбанан хьосташа бечу хаамашца, ПIаьнгазарчу Дуиси кIоштахь дIадаьхьна меттигерчу къанойн цхьанакхетар, цигахь дийцаре дина тIаьххьарчу хенахь кегийрхойшлахь террорхой кечбеш хилар а, радикалан хьежамаш баржош хилар а царна юкъахь.

Деношкахь Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаам бинера, ПIаьнгазарчу школехь доьшуш волу ши кхиазхо I5 шо долу Куштанашвили Муслим, 18 шо хан йолу Багакашвили Рамзан а Туркойчу дехьа ваьлла, цигара Шема тIаме ваха Iалашо йолуш.

Тахана а толлуш ду цигахь, мила ву бехке церан коьртеш хьовзорна? Хьена гIоьнца ка яьлла цаьршиннан масийтта пачхьалкхах чекхьавала?

Дуккха а ду диллина дуьссуш хеттарш, Маршо Радиоца къамел хиллачу Гуьржичуьрчу ПIаьнгазан яхархочо Маргошвили Тумишас бакъдира официалехь вуьйцу ши кхиазхо Шема дIавахана хилар а, дийцира тахана цигахь долу хьал а.

Маргошвили Тумиша: «Хьалхо дIабахана цигахь тIом беш мел а кегий нах бу, дикка хан яра, кхин цига стаг вахана аьлла хазанза. Кху деношкахь цхьа ши кIант вахна цига, школехь доьшуш волу. Цхьаъ ву I5 шо долшу, волчу ден-нена цхьаъ бен воцуш вара иза.

Массо адам кхузахь чIогIа карзахдаьлла, новкъадеана сил жима волу и шиъ цига вахарна. Кхузара къаной вовшахкхетта Iедална тIе бахана дехар динера, хьовса хьара мила ву-те и бераш цига кхуьлуш верг аьлла. Iедало шаьш хьовсур ду, терго йийра ю, аьлла дош деллера».

Дозанал чу-ара волуш вайн къомах волчу стаге къаьсттина леррина хуьлу тидам, элира Тумишас, ша хууш яц, кеманатIе нах хьалабовлуш, талламаш бечу хенахь, муха ваьлла церан бIаьргакIелара кхиазхо?

Кхин дIа дийцира цо шена хетарг а, шен кхоллаелла шеконаех лаьцна а.

Маргошвили Тумиша: «Вайнах оцу Европе боьлхучу хенахь, аэропортехь, дозанехь совца абой, чIогIа хьийзабо шина-кхаа сохьтехь латтабо тIех ца бовлуьйтуш. Вайнах доллу дуьненна а проблема хеташ ма бай. Паспорт муха делла а ца хаьа, я тIех муха бовлийтина а ца хаьа. Кхин цхьа хIума а ду. Цкъа цига дIабахнарш, масане хуьлу,дог-ойла хийцаелла, я цхьаъ ца тайна, юхабогIушберш кхузара Iедало юха чу буьтур болуш бац.

И керла закон шаьш даьккхина ахилча. цкъа араваьлларг юха чу вуьтуш а ца хилча, хIунда бовлийтина уьш ара? Цара телефонехь деш долу къамелаш хезаш ду Iедална, цундела массеран а шеконаш ю-кх, Iедална ца хууш хир дац иза аьлла. Оцунна чIогIа дегабаам бина а бу-кх нах».

Гуьржийчоьнан Iедало тIеэцна керла низам ду элира шен къамелехь Маргошвили Тумишас, Шема воьду аьлла цкъа новкъа ваьлла жима стаг, юха шайн пачхьалкхе тIе ца лоцуш, цунна юхавар доьхкуш.

Нохчийчохь юхавеанче кховдадо бехктакхамен гIуллакх, Iедало цунна набахтехь яккха хан а тухуш.

Ткъа хIун ду-те гуьржаша цу низамна буха диллинарг? Оцу низаман Iалашо Тумишина ишта го.

Маргошвили ТумишаА: «И низам ара даккхар хIун ду аьлча, цигара юхабаьхкича уьш паччахьна а, Iедална а зуламе хир бу, тешаме хир бац бохуш, цундела оцу тIе даьхьна арахецна ду и низам».

ПIаьнгазара бахархой гIайгIанца бу. Тахана лулахочун кIант джихIадхойх дIакхетча, кхоьру уьш, лама шайн доьзалхо а къайлаха Шемарчу гIаттамхойх дIакхетарна. Цундела цхьабоса арабевлла тахана ПIаьнгазара дай-наной. Цара доьху Iедале шайн доьзалш ларбар,

Маргошвили: «Интеграцин министраллехь болх беш ву тхан да а, сан йиша а. Цара оцу министралле массо журналист а, бахархой а схьа а гулбина, къамелаш дина. Массо а оцу сингаттамна орцах ваьлла ву тахана.ХIунда аьлча и сингаттам кIант волчу ден-ненан хIусаме тахана кхачарх, кхана хьайга хIун догIу а ма ца хаьа хьуна. Цхьа сацам ца бахь, вайн къомана а, кхузарчу пачхьалкхана а зуламе хIума ду иза».

Тамашийна ду массо а пачхьалкхаша Шема боьду некъан дозанаш доьхкуш хилча, денна хезаш хIоккхул-оццул нах чубоьхкина, цига тIаме больхучара лецна, бохуш хилча, хьан дузу–те джихIадхойн могIарш?

Цул а инзаре ду, тIеман чам хиъна болу нохчийн кIентий а, мехкарий а цу цIерга гIертар.

Денна гойтуш ду телевизионехула а, интернетан машанашкахь а байинчийн декъий. Тайна, къона нохчийн кIентийн яххьаш. Нохчийчоьнна боккха эшам бу и. Амма карош дац, оцу тIаме боьлхучарна некъ боьхку догIа.

XS
SM
MD
LG