ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тайсумова Яха: "Цхьанне а ма гойла тхуна гинарг!"


Нохчийчоь --Оьрсийн салти шайн эскарша бахархой байинчу СемаIашкахь, 1995 шо.
Нохчийчоь --Оьрсийн салти шайн эскарша бахархой байинчу СемаIашкахь, 1995 шо.

20 шо кхаьчна оьрсийн эскархоша Нохчийчуьрчу СемаIашкахь къизаллица массех бIе маьрша вахархо вийна. И бохам Оьрсийчоьнан эскарша гайтина шатайпа масал а хилла беха нехан кхетамехь.

Меттигера машаре бахархой, царна тIе баьхкина Соьлжа-гIалара мухIажарш бен, шайн дуьхьало ян цхьа а тIемло а СемаIашкахь воцийла хааро майра баьхначу оьрсийн салташа гайтира I995-чу шеран охан-беттан кхаа дийнахь масала доцу къизалла.

Цул тIаьхьа шинна а тIамехь и санна а, цул маьттаза къизаллаш оьрсийн эскархоша Нохчийчохь лелийнехь а, делахь а, цу муьрехь вуно цецвоккхуш хеталора оьрсийн салтийн къинхетам боцуш хилар, церан акха, дуьйцу а ца хезна долу таIзарш.

Дерриге а дIадолалучу хенахь, охан-бутт болалуш оьрсийн эскархоша семаIашкахошка масех бIе Калашниковн автоматаш а, кхин долу даккхий а, кегий а герзаш а схьало аьлла кхайхам бича, цхьанна а ца моьттура, и кхайкхам масех де а далале оццул дукхачу машаречу нахана сел бале дер ду аьлла.

Массарна а хууш дара цу муьрехь оьрсийн эскархоша цу кепара машаречу нахера герзаш дахар, иза церан шатайпа кисдузоран гIулч юйла а, цара и герз шаьш меттигерчу бахархошна дохка а духкуш, юха иза оццу меттигерчу бахархоша тIемалошкара схьа а даьккхина, шайн лаамехь федералхошна дIа делла герз долчуха, моттаргIанаш лелайойла а.

И хууш болу семаIашкахой а буьйлабелира оцу сохьта герз эца ахча вовшахтоха а, иза оьрсийн эскархошкара эцар хьалха-тIаьхьа даккха а. Амма охан беттан 6-чохь юьрта юккъехь меттигера бахархой схьа а гулбина, къамел дан хIоьттира цхьа шен цIе ца йовзийтина волу оьрсийн инарла.

Цо хIинца йоьхуш ерг масех бIе Калашников хилла ца Iара, цо иштта элира, шена хууш ду, семаIашкахошкахь иштта маса тоьпанаш а, стингерш а юйла. Уьш дей-буьйсий далале схьа ца лахь, шаьш юьрт „цIанъян“, я вуьшта аьлча, хIаллакъян йолор ю аьлла ультиматут мхIоттийра цо.

Дуьйцуш долу герзаш юьртахошна бIаьрга гина а ца хиларна, массарна а кхеташ дара, оьрсийн эскар юьртахошца барт безаш доцийла, хIуъа дина а, СемаIашкана коча дан бахьанаш лоьхуш дуйла а.

Цундела цу сарахь цхьаболу бахархой, шайн ков-керт а дитина, юьртара арабевлла, луларчу Саьнгалхи агIор дIабахара.

Карарчу хенахь Венехь ехачу 67 шо долчу семаIашкахочунна Тайсумова Яхина дукха дика дага догIу цу деношкахь ша кхиина а, яьхна а йолчу юьртахь хIоьттина хьал. Цкъа а шена дагадан а йиш яцара, адамаш кхечу адамашца сел къиза хила йиш ю бохург, цу деношкахь СемаIашкахь оьрсийн салташа хIоттийнарг шен бIаьргашца шена схьагаллалц, бохуш дийцира цо.

Тайсумова: „Iалелай, къаьхьде хIоттор долуш ду СемаIашкахь гIазакхаша, аьлла, хабар даьржича, тхан йиша яханчу невцо Саьнгалха дIадигира тхо цхьадерш. Вуьш цIахь бисира. Саьнгалхара дIахьажча, гуш дара тхуна, сарахь маьркIажа хенахь и тIом болалуш, оьрсийн эскаро ракеташ а, бомбанаш а чуетташ.

Цул тIаьхьа шозлагIчу дийнахь схьахезира, инзаре дукха нах байъина, багийна, бохуш. Шайн аьтто бол-болче нах дIалечкъинера, ткъа оьрсаша уьш болче цIераш туху герзаш а детташ, уьш багийнера. Къемат де дара-кх цара цу чохь хIоттийнарг“.

Саьнгалхин йистера схьа масех дийнахь оьрсийн чалтачаша СемаIашкахь деш дерг генара схьа тергал дар бен, кхин орцах довла йиш йоцуш лаьттинчу цу юьртан бIеннаш бахархошна юккъехь хилла йолу Тайсумова Яха, Охан-беттан 9-чохь дуьххьара нах СемаIашка чу бита болийча, шен юьрта юхабирзинчарна юккъехь яра. Кхо де хьалха ша шен чуьра арайолучу хенахь дийна хиллачех дуккхаъ лулахой а, бовза-безарш а байъина карийра цунна. Тайсумова Яхас дуьйцу.

Тайсумова: „Степная урамехь ехаш яра цхьа йоккха стаг, Хьанипат. Шайн луларчу нехан цIенош кIелахь йинчу тоьли чохь кхечаьрца цхьаьна дIалечкъинера иза. Уьш цу чохь цара багийра берриш а. Иштта Раиса бохуш яра и жима йоI, цигахь гена йоцуш Iаш.

Цуьнан да оьрсийн салташа цIе а тесна вагочу хенахь и йоI тIеетта еллера, ма вагавахьара аш шен да, бохуш. ТIаккха цара и шиъ ший а дагийнера. Салман бохуш вара воккха стаг, тхан гергара зуда яра цуьнгахь, иза а вагийра. Дукха байъира цара къиза цу деношкахь, дукха бага а бира“.

Оьрсийн эскархой кхаа дийнахь хьаьвзира СемаIашкахь, шайн масала доцу талорш лелош. Цкъа хьалха бIеннаш кеманийн бомбанаш а, ракеташ а йиттинчул тIаьхьа, гIашсалтий буьйлабелира юьртан цхьана йистера схьа вукху йисте кхаччалца хIора а ков-керт луьстуш, дийна верг вуьйш, вен ца кхианарг лоций, шайца дIавуьгуш, цIенош а, цу чохь болу дийна нах багош а, ков-керт даголе цу кертахь шайна лачкъон пайдехьа хетарг шайца дIахьош а.

Уьш иштта дера хIора а кхерчахула чекхбовлуш бу аьлла арз цхьацца тоьлашкахь а, кхерчашна бухарчу оьтеш чохь а левчIина бохкучу зударшна а, берашна а хезча, царех цхьа дакъа, кIайчу шаршонех байракхаш а йина, арабевллера бохуш дуьйцу Яхас, шайх къинхетам бийр бацара-те аьлла. Амма царна юккъера а цхьаберш байъинера салтеша.

Тайсумова: „КIайн байракхаш а эцна, дайъахь, арахь дойъур ду вай, кху чохь Iачул аьлла, и цхьа тоба араяьллера шаьш левчкъиначу тоьлашна чуьра. ТIаккха уьш СемаIашкара арабовлучу тIайн агIор баханера. Цига царна тIехула бира кеманаш хьаьвзинера. Цхьа воккха стаг эскархоша герз тоьхна цу тIайтIера вийна чувожийнера. Юха кхо де даьлча дара тхо оьрсаша юрта чу дитича.

Вай везачунна ма гойла тхуна цигахь гинарг. Массо а меттехь дистина Iоьхкуш дара салташа дайъина дийнаташ. Догуш цIенош дара. Тхан луларчу цхьаьна нехан кертахь дIабоьхкинера байъина болу нах. Иштта ирча хIума дара-кх иза“.

СемаIашкахь 20 шо хьалха оьрсийн чалтачаша хIоттийнарг цхьаъ бен йоцу къизалла яц цу вайнзаманахьлерчу шина тIамехь нохчашна Кремлан омра кхочуш деш, Нохчийчохь „къепе а, низам а юхаметтахIоттон“ баьхкина хиллачу салташкара гинарг.

Дукхадара и тайпа адамаллина дуьхьал зуламаш цул тIаьхьа Бумтахь а, БухIан -юртахь а, Котар-юртахь а, СоIди-кIотарахь а, иштта дIа кхин а ДегIаста мел ю. Амма СемаIашкахь оьрсийн эскархоша гайтина хилла къизалла цу хьалхарчу тIеман ша-башха символ а хилла дIахIоьттира.

Хьахон а оьший-те цигахь и талорш лелийначу оьрсийн салтех а, эпсарех а цхьа а таханаллца жоьпалле озийна вац я оьрсийн Iедало а, я дуьненаюкъарчу кхелаша а бохург?

XS
SM
MD
LG