ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дадаев Жамболат вер Iаьткъина нохчашна


Нохчийчуьрчу Талламан комитетан урхалло зуьйш ду лерина операци дIахьош Соьлж-ГIалахь Дадаев Жамболат вер. И операци дIаяьхьа Ставрополера баьхкинчу низамхошна ша резавоцийла дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Махкарчу цхьацца хьостанаша бечу хаамца, дахначу кIирандийнахь шайн машеннна тIе шен машен тоха воллура аьлла, вийна Старополерчу низамхоша Дадаев.

Иза лаца арабевлла хилла Хан-ГIаларчу гарнизоне ханна баьхкина старополхой. Цара герз тоьхнначохь велла Дадаев Жамболат. Оцу хьокъехь дIахьедина шен министрийн гонехь Кадыровс а. Цо бахарехь, бакъо ца хилла старополхой Нохчийчохь лерина операци дIаяхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG