Украинан президента Порошенко Петрос бахарехь, тIеман кхерам кхозу цуьнан пачхьалкхана тIехь – Донбассехь соцуш дац, барт а бохош, герзаш кхийсар. Сепаратистийн карахь долчу лаьтта тIехь машар хIотто, тIом юхабаккха Украинана дуьненера гIо а, шех кхетар а оьшу, элира шинарийдийнахь Киеверчу дуьненаюкъарчу конференцехь Порошенкос.
Стохка тIамо 6100 стеган дахар дIадаьхьина цо боххучу юкъанна нисделира цуьнга тIеман буьйранчаша, юха а тIемакхийсарш долийна Донбассерчу сепаратисташа аьлла хаам бича.
Киеверчу барамца видеоконференци йинчу Iамеркан Штатийн вице-президента Байден Джос элира, Минскехь тIом сацорах бина барт Оьрсийчоь ларбечу тIегIане яллалц юхайохийла дац цунна тоьхна санкцеш. Ткъа Оьрсийчоьно тахана а ца до шен эскарш Донбассехь хиларх даре.
Украинан премьер-министра Яценюк Арсенийс элира, дуьненаюкъарчу конференцехь, Грецина кхочучул а кIезиг ахчан гIо кхочу Украине, Афины тIемашкахь яцахь а, оьрсийн танканаш цуьнан лаьтта тIехь яцахь а.