ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчун сий - къонахчун мах


Дукха хан йоццуш Маршо Радионе ватсапехула сурт кхечира цаевзачу, амма цхьа шатайпа сирла, цIена бIаьргаш, оьзда аматаш долчу йоьIан. Тхо гуттар а цецдехира оцу суьрта тIехула яздинчу дешнаша. И йоI харцхьа новкъа яьлла, цо шен нахана а, нохчийн къомана а тIе эхь деана аьлла дара йоза.

Цхьацца дезчу деношкахь, масала, нохчийн меттан дийнахь я нанойн де билгалдоккхуш къаьсттина алсам хеза Нохчийчохь зударшка ларам боккха бу, церан хьашташ, лаамаш уггаре лакхарчу тIегIантIехь бу бохуш.

Дешнаш…Цхьана дийнан деса дешнаш…

Дешнийн есалла хаало хIора а зудчунна денна а шена тIехIуьттучу харцонашлахь, иэшамашкахь, халонашкахь. ХIун бехк бара-те суьрта тIера эсала, къежна хьоьжучу йоьIан?

ТIаьхьо тхоьга вовшахтасаделира цуьнан дахаран сурт. Хуьулуьйтур вай иза Амнат. ЙоIе безам болуш хиллера и ехачу юьртара цхьа милцо, я хIинца ма-аллара, полисхо. ЙоIа шен кхин ойланаш, хьежамаш бу, хьоьца гергарло ца оьшу шена аьлла жоп делла, дIатеттина хиллера кIентан безам.

И ца лайначу «Ромеос» бекхам бина хиллера Амнатна, цуьнан суьрта тIе оьзда доцу дешнаш а яздина. Шина кIиранах сингаттам лаьттинера йоьIан доьзалехь. Амма тIаьхьо зуламхо гучу а ваьккхина, цунна доггIу таIзар динехь а, цкъа а дер дац и де иэсера Амнатан ден, шен телефонтIе, хьайн йоьIан доладе аьлла даийтина кехат-сурт.

Нохчийн халкъан артист, доллу шен дахар театрна дIаделла къоман йоI ю Багалова Зулай. Нохчийн Iадаташ уггаре луьра долчу заманчохь йолаелла Зулай театрехь болх бан. Чолхе хилла цуьнан дахар.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь, хала дуй нохчийн зудчунна тахана яха, аьлла, деллачу хаттарна жоп луш цо элира, хала дац, нагахь санна гIиллакхийн гурашкахь и ехаш елахь.

Багалова: «Со сайн дахаран да ю! Шен дахаран да муьлхха а нохчийн зуда а ю, шен ночхийн гIиллакхашца, нохчийн зуда а хилла иза лелахь. Халонаш массаьргахь а ю. Паччахьан зудчунгахь а хуьлу халонаш. Бакъду, белхан меттигашца ледара ду, балха ваха хала ду.

Иза а дерриге а дуьненчохь хIоьттина хьал ду. ХIара Оьрсийчоь гуттара а хилла миска, тиша, къен. Казахстан дагаеача, цигара цIа даьхкинчул тIаьхьа лайна халонаш дагаеача, суна-м ца хета тхаьш, нохчийн зударий декъаза а.»

Тахана Нохчийчохь хьаькамашлахь даьржинчу уьнан хьокъехь а хилира тхан Багалова Зулайца къамел. Герз карахь хилча, шаьш дуьнена дай хета нохчий хьалха а хилла боху Зулайс.

Багалова: «И санна дерш а хуьлуш ду. Со реза яц и нах сийсазбарна! Делахь а, тахана хилла а ца Iа-кх и тайпаниг. ТIом кхузахь болчу хенахь, чубоьхкина хилла зударий. Нохчийн милцоша ши йоI хьийзайора боху, хьоладайн хилла и ши йоI. Сайна йийцина и ши йоI цкъа а дагара ца йолу суна. ТIаккха немцойшца ву цьнан кIант аьлла, цхьа йоккха стаг яра боху, шен кIентан кIантаца чохь латтош.

Денна цхьацца церг йоккхуш еттара боху цунна. Цхьана дийнахь хийисте а даьккхина оцу йоккхачу стагана а, цуьнан кIентан кIантанна а тоьпаш туьйхира боху. Уьш а ма хилла вайн нохчийн милцой. Церан тIаьхье хир ю-кх тахана иштта харцахьа лелаш. И ойла йо-кх ас!»

Хьалхо хилла ду боху хIинца ас дийца леринарг. Ламанца йолчу юьртара охьаеана, базарахь йохк-эцар лелош йолу цхьа йоI, нехан зуда, хазъелла Соьлжа-ГIалахь вехачу жимчу стагана. ЙоIа мах бечу меттигна юххехь туька хиллачух тера ду цуьнан.

Генара гар бен, йовза ца кхиъначу кIантана и нехан зуда юй ца тусаделла. Кхуьнца а, я нахаца а бала боцуш, зуда шен декъаза мах беш хилла.

Иштта, цхьа хан яьлча, маларх кхетта веъначу кIанта нах боцчохь тIехъяьккхина забар йина оцу зудчуьнца. ОьгIазъяхначу вукхо тIара тоьхна боху оцу стагана бетах, ша нехан зуда хилар а, шега забарш йойтург цахилар а дIахоуьйтуш. Ца тешна кIант оццул хаза а, жима а йолу и зуда марехь хиларх.

Накъостаца кIело а йина, балха йогIуш, лаьцна, боккха ницкъ беш, ядийна цо иза. Юкъахьаьвзина къаной машар бан кхиале, йишин марзошка ца хьоьжуш, аралилхинчу вежарша, вижинчуьра гIаттийна, оцу буссехь вийна куьгбехкениг а, цуьнца зуламдеш цхьана хилла накъост а.

ЧIир хьеяр доцуш, «шуьга ала дош дац тхан, аш лардинарг шайн сий ду», аьлла, битина, бах, уьш шина кIентан верасаша.

Ишта буьйцу хьалхалера къонахий!

Шайгахь Iедал а, карахь герз а хилча, шаьш дуьненан а дай ду, шайна хIуъа а мегар ду моьттуш, дайн гIиллакхашний, Iедалан низамашний тIе ког хецна бехачу таханалерачу дукхахболч хьаькамех шена хетарг элира Веданарчу вахархочо, поэта Хасаров ШаIранис а.

Хасаров: «Нохчийн цкъа а лай а, элий а хилла бац. Исторехь схьадуьйцуш ду-кх и. Массо а мел къен велахь а, хьал долуш велахь а, халкъана а, лелочу гIуллакхашна а хьалха цхьатерра, бехкана а, гIиллакхна а цхьатерра лоруш хилла.

Тахана муха ду, къечо лардан дезаш ду закон а, къоман гIиллакх дIадахьа дезар а цуьнан кочахь ду, олуш дерг а цунна олуш ду. Ткъа хьалдолчунна шена луъург лелон мега, гIело ян а мега мискачунна, нийса доцу хIумнаш лело а мега. Цаьргара масала ду кегийчара оьцуш».

Хаъал алсамдаьлла Нохчийчохь божарша зударий балор, зударша дукха маренаш дар, зударшна тIе зударий кхийлар а. Бусулба дино магийна боьршачу стагана 4 зуда яло бохуш шаьш шайна мага а деш, цара дакъазабоху зударийн терахь а ду айделла.

Амма дешначу наха дийцарехь зудчунна тIе зуда ялоран а ду шен бахьанаш а, некъаш а. Маршо Радиоца къамел хиллачара билгал ма-даккхара, и низамаш мискачу нахе лардайта юкъадохуш ду. Нагахь Нажий-Юьртара Гучигов Нажуд санна хьо гIентан да велахь хьуна мегар доцуш хIуммаъ а дац.

Нохчийчохь аьлча а, доллу дуьнено а Нажий-Юьртарчу полицин куьйгалхочун 57 шаре ваьллачу Гучигов Нажудан луларчу юьртара I7 шо долчу Хедига кхерстинчу безамах лаьцна.

Хедин гергарчу йоIа Селимас дуьйцу ма-дарра.

Селима: «Тхан дешичин йоI ю и Хеда. Даима кIоштахь хIитточу барамашкахь дакъалоцура цо, байташ йоьшуш яра иза, мотт хаза бар-кха цуьнан багара. Цхьанхьа гина Хеда хазъеллера оцу полицин куьйгалхочунна, тIе хабар даийтинера цо. Хедас ша реза яц, хьоьга ишта къамелаш дан а ца тарло ша, хIунда аьлча хьо сан дел а воккха стаг ву, гIиллакхехь ца хета шена аьллера.

ХIетте а къар ца луш, цунна совгIаташ кхоьхьуьйтора. Хедас схьа ца оьцура, юкъалелачара шайна и совгIаташ а дуьтуш оцу стаге йоI реза йолчу тIера къамелаш дина хилла. ЙоI шега ца яийтахь, ша и дийра ду, важа дийра ду бохуш, кхерамаш туьйсуш. ЙоьIан нах пайдабоцчу а баьхна, и йигаза Iийр воцуш ву-кх и».

Нажин-Юьртарчу хьаькаман безамах лаьцна саццаза дуьйцу тахана зударша а, божарша а. Хетарш, моьттурш ...массане ду уьш. Амма цхьа а ца хIутту Гучигов Нажудана тIе. Ца теша цуьнан ойла цIена хиларх, бехкаш доху шен берийн хеннара йолчу йоьIан бIаьра муха хьежа воллу иза, бохуш.

Соьлж-ГIаларчу берийн бешахь болх беш ю Маршо Радио зIене яьлла Динаева Зарема. Дехха хилира тхан къамел.

Динаева: «Зудабер экама хIума ю, мел хIуъа дийцича а. Суна и нийса а ца хета. Зуда а, бераш долуш стаг ма ву иза. Ткъа и йоI цуьнан берел жима хила мегаш ю. Шен дуьйцуш кхин захало ду а аьлла цу йоIа, хIетте а тIаьхьара волуш вац. Дас йоI реза яц аьлча а да а пайдабоцчу а ваьккхина, цхьана даржехь балхахь болу таро ю йоьIан нах.

ЙоI ца яийтахь, цуьнан нах балхара дIабохур бу ша бохуш, кхерамаш тийсина боху. И бер ду, важа воккха стаг ву, цуьнга и хIун дийца воллу, цуьнан бIаьра муха хьежа воллу, со кхеташ яц. Нийса доций-м хаьа суна и. Орца даьккхича, дала орца доцчу зудчун гIуллакх декъаза ду-кх».

Хууш ма-хиллара Гучигов Нажуда тIе захало дахьийтинчу йоьIан карарчу баттахь бен I7 шо а ца дузу.

Ерриг Оьрсийчохь санна, Нохчийчохь а кхиаза долу зудабер маре кхайкха а, дига а магош доцу низамаш ду, ткъа муха къардо уьш меттигерачу наха, аьлла хаьттира ас Зареме. Заремин жоп ишта дара.

Динаева: «I8 шо кхаьчна йоI яцахь там-мах бар дихкина ду Нохчийчохь муфтиято. Со санна миска волчунна магош дац I8 шо дуьзна дацахь маре яха, дегара пурба дацахь, зуда ядо а магош дац, низамаш тIехтасар а, и даржехь ву, цуьнгахь Iедал ду, тIаккха цунна мегаш хир ду-кх и. Суна тIаьхьало йолуш ца хета и захало, хилахь а.

Шена кIорда ма йиннехь эцца совгIат-хIума а дина цIа хьажор ю, йоIана дакъаза ялар хуьлу. и цхьаъ хилла ма ца Iай Нохчийчохь. Хазлой дIабуьгуш, шайна кIордийча юха цIа хьийсош дакъазабаьхна дукха йоьIарий бу».

Заремица берийн бешахь хехо болх беш ву Сатаев Зайнди. Божарийн вовшашца барт чIогIа латтахь а, ша Зайнди ца хьоьгу шолгIа зударий кхуьлучарех.

Сатаев: «И зударий схьакхийларх тоьаш ма даций, ялийначул тIаьхьа царна тIехь Iуналла дан а деза, шолгIа делахь, и хIинца деш долу захалонаш дуй, Iедалан балхахь болчарий, лааахь-ца лаахь бохуш деш долу захалонаш тIаьхьало йоцуш ду. Оццул йоккха юкъахь хенан башхаллаш хилча, муххале а. Стага ойла ян ма еза, делахь цхьа ши шо даьлча со муха хир ву-те, дахар муха хир-те, аьлла.

Цул совнаха, ша деш долу захало шинна а агIорара нах реза а болуш хила дезаш а ду. Тахана со хууш вац, муха ларъян еза шен чуьра кхиъна йогIу йоI, ша цхьанхьа а ара а ца йолуьйтуш, чохь ца латтаяхь. Делахь а, чу-ара ца ваьлча а ца волу...Со хууш вац.

Дуккха а меттигаш бу, ишта цхьа йоI хазъелча, цуьнан нах сийсаз а бохуш, лаахь-ца лаахь дIаюьгуш, ца яийтича шайга, нах балхара дIабоху. Вайн цIахь дукха меттигаш бу-кх ишта».

Даима зударашна луьйш хеза божарий. КIезиг хеза, бечу хьехамашкахь, ларалаш зуда, сий делаш цуьнан олуш. Суна евзачу цхьана зудчо ма-аллара, «зудаберан мах, роддоман неIарехь дуьйна хадабо: кIант вича - беза кхаъ, ткъа йоI кхайкхийча - итт туьмий, Сацитий, Тоитий»…

XS
SM
MD
LG